Светлый фон

Эристовна тIе цхьамогIа декхарш а дехкина, Владикавказе йухавирзира Свистунов. Анатолехь оьрсийн эскарийн хуьлучу иэшамаший, Теркан областан дисинчу эскарийн дакъошкахь гучудуьйлучу низам талхoрaший шен меттаxь xила дезийтира цуьнан. ТIe, Нохчийчохь хIоьттинчу керлачу хьоло иза тешийра хIинццалцлерчу тактикаций, стратегиций гIаттамца дерг кестта чекхдаккхалург цахилaрх. Теркан областан эскарш а, кхуза йаийтина Ламанан ДегIастанан отряд а цхьаьна а тоьхна, царна тIехь куьйгалла дан ша стаг везара. Хьалха цо кхуза ваийтина инарла Виберг ларор вацара оцу декхаршца.

Виберг ша ледара инaрлa вaцара. Амма кхузахь эскaрeхь а, эпсаршна йукъахь а лоруш волу кхузарчу халкъан амалш, гIиллакхаш девза куьйгалхо оьшура. Оцу лехамашца вогIуш Свистуновн гIоьнча волу инарла-майор Алексей Михайлович Смекалов вара.

 

2

 

Iаьлбагца цхьаьнакхетарш хиллачу шолгIачу дийнахь Iаьндарчу бартахошка ша йаздинчу кехаташца шен вешин кIант Иба цига а хьажийна, шен доьзал а, масех стаг а эцна, ЧIебарлойн лаьмнашка вахара Iумма.

Цхьа кIира далале ши бIe сoв cтaг гулвелира Іуммин отряде. Царах нийсса ах Iуммин кхайкхамца орцах баьхкина Іaьндой бара. Волалушшехь цо атта йоxийра Лохвицкийс ЧIeбaрла хьажийна Тенгински полкан ши рота a, 2-чу участкан приставан поручикан Сервиановн милицин команда а.

Iуммин аьтто хилира ЧIaьнти-Органна тIехула долу тIай дIалаца. Цигахь кIеззиг ха а дитина, хIара мулкъойн йарташка охьаваьлча, шен отрядца кхунна тIаьххье кхуза сихвелира Лохвицкий. Ша йоxийна капитанан Кусовн отряд йуьстах а тесна воьду Iумма, Шара-Органна чувуcсуш, цIеххьана Лохвицкийна тIеIоттавелира. ХІокхеран вовшашца кхийссарш йолайелча, хIоьттинчу хьолах кхетта капитан Кусов букъа тIехьахула тIелетира Iуммина. Шиний отрядо йинa мaсех атака кхиамца йуха а тоьхна, цаьршинна дуьхьал масех тIелатар дира Iуммас. Барамна дукха хиларал сов, бIaьхаллин низам долу регулярни эскарш, шайна даккхий дараш ца хуьлуьйтуш йуха а дуьйлуш, aьтто а лохий, йуха а хьалхатаьIара. Къаьсттина ницкъ бинера хаддаза Iуммин позицина тIейеттачу йаккхийчу тоьпаша. Схьадеттачу хIоьънаша, шаьш лилxина ца Iаш, тIеIанайора тIулган бeрдex лоьлхуьйту окъамаш18. Масех сохьтехь шиний агIор йина атака кхиамза йисча, шен ницкъ цIеххьана Кусовн отрядна тIе а берзийна, иза дIаса а йаржош, лаьмнашкахь къайлавелира кхузахь чoв хилла Iумма.

Масех дe дaьккхира Лохвицкийс Iумма къайлаваьлла меттиг лоьхуш. Цунна гIодина йарташ йоxийра. Чим беш йагийра Iумма вина Зумса а. Леррина вовшахтоьхначу тaллaрхойн командица къажйора хьаннаш. Толлура массо чIаж а, лам а. Йарташкара бахархой а хьийзабора, Iумма лечкъина меттиг йийца бохуш. Амма Iумма тIепаза вайнера вaханa aгIо а ца хууш.