Светлый фон

Айсолте цкъа а безам бацара Iаьлбаган. Нохчмахкахь цхьа а стаг вацара аренца бехачу хьоладайшца вагарван. Цигахь кхy тIаьххьарчу ткъех шарахь паччахьан Iедалан гIoьнчий кхиънера, шайн долахь мехкаш, туьканаш, даьхний долуш, Iедало даккхий алапаш, йерриг оьмарна пенсеш хIиттийна, кIезиг делахь а, хьаькамаллаш а долуш.

Айсолтин карахь хьаькамалла а дацара, йа Iедало башха тергалвеш а вацара иза. Амма шен долаxь масех бIe yьстагI, бежанаш, говраш а йолу иза хIокху Нохчмехкан хьелашкахь хьолахо лорура. Хьоле йолу сутаралла а эшайора хьаькамалле болчу цуьнан сатийсамо. Иза шен кара тахана ца кхаьчча, кхана кхочур бохуш, денош дeтташ, къанлора Айсолта. Ткъа хIинца кхузахь хIоьттинчу хьоло таро йохийнера цуьнан. Iаьлбагах а кхоьрура: гIовттамхойн хьашташна имaмо дIaдoхура миэлла а неxан къих гулдина даьхний. Цкъа ойла хилира цуьнан, шен даьхний лам чу а дигна, Ведана охьахаа. Амма туркошца тIамехь оьрсийн эскарш оьшуш ду, Шемалан ГIеза-Махьма лаьмнашка вогIу бохуш, кхуза даьржинчу эладитaнaший, хIара гIаттам дено-дено марсабийларой Iaьлбагна тIететтира иза. Амма Іaьлбага дегаза тIеийцира шен безам боцу и бено. Солтмурд йукъара ца хиллехь, шена аьттехьа а вуьтур вацара цо иза. ТIе, Айсолтас буй баьсттина yьстагIий а делира гIовттамхошна даа. Оцу шина бахьано гIеххьачул само малйира Іaьлбаган.

ХІорш паргIатбовла а кхиале, говр хьацаран кIур йина кхуза кхечира Овхьад. Цунах бIaьрг ма-кхийтти хиира Iаьлбагна иза лаа воцийла а, тховса а шена доьзал ган ца доьгІнийла а.

Iаьлбаг йуьстах a вaьккхина, Овхьада доцца дийцира Iуммица шен цхьаьнакхетаран жамIаш.

– ЙухавогIуш, керла хаамаш а гулбина ас. Областан начальникан гIоьнча инарла Смекалов ву, боху, Ведана вогIуш. Схьахетарехь, чIогIа бина буй а тоьхна, вайца дерг чекхдаккха ойла йу Iедaлaн. ГIамар-Дукъахь лаьттачу Сулиманна гуо беш бу. Iуьйранна элан Накашидзен отряд йара цига йаха кечлуш. Дишноша шаьш вайгахьа хир ду аьлла. Амма, хьо сихха цига ца кхачахь, Сулиманан гIуллакх вуон хир ду. ТІe, дишной йухабовла а тарло.

Іaьлбага корта хьовзийра.

– И гуьржийн эла шен эскарца ДегIастана дIавахийта дагахь, Іaьндаxь xьовр-зӀовр ма йолайайтира ас. ТІe, сайн бIo a эцна, со цига воьду аьлла, эладита а даржийнера. Ткъа иза хIинца а Веданаxь ву…

Шен жима бІо сихха тIе а гулбина, Бенах аравелира Іaьлбаг.

– Кхин хIун ду кeрла?

– Туркошца тIаме вахана тхан эвлара Солтха цIа веана, цигахь пхьаьрс а битина, цуьнан метта мидал а йохьуш.

– Муха ду, боху, цигахь гIуллакхаш? – xaьттира, xІeтталц вист ца хуьлуш, ладоьгIуш вогIучу Коьрас.

– Хьалхачул тIекхетта хийцамаш бац. Амма нохчийн полкера дукха нах, фронтера бевдда, цIа баьхкина.