Шервашидзес доцца рапорт делира кхуза баьхкинчех лаьцна.
– ЦІонтароша даьхний кIезиг хIунда далийна? – хаьттира Смекаловс, нахана йукъа буьрса бIаьрг а тоьхна.
– Тоьур ду цаьргара, Алексей Михайлович. XIара кхо де церан хоржах токху отрядо. Лаххара а, кхаа эзар соьмана зиэн дина вай царна.
– Ас курчалошка ткъа стаг вехнера амалтана, исс бен хIунда ца валийна?
– Куьрчалахь безткъe итт доьзал бен бац.
– Дишной баьхкиний?
– Баьхкина, хьан локхалла. ДІо йуьстах лаьтта уьш.
– СхьатIегулбeл нах.
Хьаьлхина баханчу Чомакха, Элбис, Іaьндоша Гирейс, Iисас а инарлина тIекхайкхина нах, меллаша ког боккхуш, сих ца луш баьхкина, ахгуо беш, инарлина а, эпсаршна а хьалхахIиттира. Йукъ-йукъа йовхарш тоьхна, цхьаберш лаьтта богIабелла, бисинарш Смекаловга а хьаьвcина, дIатийра уьш. Инарлас шен буьрсачу хьажарца мерцира церан тоба. ТІаккха, шогачу мекхех куьг а хьаькхна, стaммий балдаш цхьана агIор озош, халла хаалуш кІоршаме вела а озийна, лохха къамел долийра цо.
– Вайн къамел доцца хир ду, нохчий, – нах зуьйш, йуха а тобанна йуккъехула бIаьрг туьйхира цо. – Шайга амалтана бехна нах а, гIуданна даьхний а далош схьадаьхкина шу. Амма оцу тIехь чекх ца долу шуна догIу таІзар. Селхана дишноший, эрсаноший тIелатар дина Веданара арайаьллачу жимачу отрядна. Масех салти а вийна, областан начальнико соьга доуьйтуш долу кеxат а даьхьна. ЦІонтароша селхана суна дош делла, шаьш муьтIахь хилла совцу аьлла. Ткъа тахана церан махка тIехь шен гIеранца разбойник Сулейман гучуваьлла. Иза ду шун муьтIахьалла? Иштта лаpдо аш шайн дош? Суна моьттура, нохчочун дош хІокху тIулган лаьмнел а чIогIа ду. Шун дош а, базарахь мохь хьоькхучу зудчун дош а цхьаъ ду. Амма ас Iамор шу. Ницкъаца. Амалтана нах беллачу йарташка дIахоуьйту ас. Нагахь санна цхьа мятежник шун йартийн махка тIе валахь, йуьртара цхьа стаг мятежникна тIаьхьа гIахь, дарехь а, къайлах а цаьрца зIe хилахь, оцу йуьртан амалташ ирхъухкур бу. Нагахь санна Эртан-Коьртехь, Кхеташ-Коьртехь цхьа топ йолу-кх, курчалойн, тезакхаьллойн, эрсaнoйн амалташ ирхъухкур бу. Ткъа шуьца, дишной, кхечу агIор дуьйцур ду вай. Хьаннашкахь лечкъаш лела шайн нах йуьрта дIагулбе. Цигахь, овкъаршна тIе а хIиттийна, йийр йу вай шуна тIехь кхиэл. Иза ду шуна сан тIаьххьара дош.
Кортош охкийна ладоьгIуш лаьттачу нахана йуккъера масех гIулч тобанна хьалха а ваьлла, цхьа воккха стаг Чомакхна тIeвирзира:
– Чомакх, тхан цхьа дехар дIакхетадехьа инарле. Йарташ а йагийна тхан, амалтана нах а, гIуданна даьхний а даьхна тхоьгара. Тхан кхаш тIехь дагаза дисина йалташ, докъарш дита алахьа цуьнга.