Чомакха гочдира воккхачу стеган къамел.
– Аш сан лаам кхочушбахь, къинхетам бийр бу шух. Амма, цхьа чо а гIалатло йолуьйту-кх аш, оцу шайн хьаннашкахь мацдина, шелдина, дойъур ду шу. Амалташ дIабига гIайгІабе, полковник.
Тхьамданаш, шайн-шайн йартийн амалташна тIе а бахана, Iодика йан хIиттира. Цхьаберш мар-мара лелхара, вуьш, догъоьцу масех дош а олий, йуьстахбовлура.
Стигал, кIез-кIезиг кхулуш, Iаржйелира. Кхеташ-Коьрта тIeхула йеана, чукхевдира догIанна йазйелла Iаьржа марха. Геннахь стигал къевкъира, мархаш этIош, ткъес иккхира. Татанца нилха даккхий тIадамаш ийгира кIедачу чeнaлa a, диттийн гIаш тIе а.
Цхьа минот йаьлча, догIанан кIуьрлахь къайлайевлира гонахара paьгIнаш…
Декъазниш! Хийрачу махкахь
Йайра шун дегайовхо…
М. Лермонтов. «Кавказан йийсархо»
1
Салтийн отряд йуьрта йуха ца йогIуш хьейелча, хьаннашкара цIа бирзина, овкъарш тIехь лаппагIнаш йуьйгӀира наха. Кертахь божарий болчарна мелла а атта дара керла хIусамаш хIитто. Амма Айзин а, Къайсаран а доьзалш бисира йерзинчу стиглан кIел. XIор а дийнахь, Iуьйранна са ма-тессинехь гIовттий, маьркIажан бода боллалц шаьш болх бора.
Масех де дIадахара баьгна тIекхетта ши тхов вовшахбоккхуш. Цкъа хьалха латта аратийсира. Ча а, гIодамийн чIегIагаш а ийначу лаьттах халла йоьдура бел. Масех бел дIатосуш, тIаккха куьйга чаш, гIодмийн чIегIагаш ийзош, дохийнера куьйгаш. Кегочу лаьттах кхагаран хьожа йогIура. КІормодаша йуьзнера Іусманан йуьхь. Некха тIехулий, букъа тIехьахулий хьацарца охьаихнера кIурз. Ши куьг ваьшта ца дуьллуш болх бора Айзас, Эсета, Дешис, Маккас. Ийзош, лаьттара схьадохурa дaгaзa дисина дукъош, орцхаш. Доxийна кораш, неIарш вовшахтийсира Васалий, МIaьчигий. Цхьа кIира даьлча, шина а цIенна тIе тхов тиллина, цхьацца кор дендина, хIусамашка бирзира Айзин а, Къайсаран доьзалш а. Цхьадика, ЭсетгIеран цIа дохоза дисинера.