– Вуон йуй чов?
– XIумма а ца хилла.
Аьрру куьйга йалкха а лаьцна, хьалагIатта гIоьртина Іумар, ворданна чуьрчу баца тIехь когаш шершина, дIакхийтира. Лазарна йуьхь чІачкъийна, дIакхевдина, йалкханан гIаж лаьцна, меллаша гIеттина, йоьхна лаьттачу нанна тIе а вахана, могашчу пхьаьрсаца иза марайоьллира цо.
– Йоьхна хIунда хьийза хьо, нана? Суна-м хIумма а ца хиллий.
Айза, йист ца хуьлуш, кIентан некха тIе а таьІна, къурдаш дан йуьйлира.
– Ма йелха, – элира Іумара шабарца. – XIумма а ца хилла суна. Жимо Іyьрг эккхийтина белшах. Ши-кхо де далале, дукълур ду.
Шегахь мел бала белахь а, кIантах дIа а къаьстина, хьешашна гуонах хьаьвзира Айза:
– Iусман, стерчий паргIатдаха… Янаркъа, шуьшиъ чувола.
– Тхойша тхоьга гIур ву, Айза.
– Шуьга дан а дац. ЖовхIаргIар цхьана тоьли чохь тIе-кIел бохку.
– ХIан-хIа, Айза. ЧугIо. Охашимма цхьаъ дер. Хьалххе гIовтта а деза. Iумарна са ма гaтде. Цхьадика, даьIахк дийна йисина. Динбергаш атий, чевнна тIейахка. Йоьрзур йу. ХIан, шун Іодика йойла. ПаргIат хила.
Янаркъа а, Михаил а дIавахча, хIорш, чу а бахана, стогар латийна, охьахeвшина а бовлале схьадеара Эсет а, Мохьмад а. Мотт биллина, Іумар охьа а вижийна, белха буьйлира зударий. Іумарна шенна билxина ца Іаш, массарна а.
Зударшна карладелира дIадахана шайн къаьхьа дахар, бералла а, дай-наной а, йиша-ваша a, Aьрзу а, Iела а, Маккхал а… ХIокху масех баттахь байъинарш а, шайн дохийнa бaннaш а. Дерриг карладелира. Корталийн тIемаш охьа а хецна, цIенкъа а богIабелла, боьлхура уьш. Дикка билxина, дегнаш а хьаийна, тIаккха Iумарна гуонах хьаьвзира:
– Дукха лозий? – цуьнан хьаьжа тIе барт баьккхира Эсета. – Хьан бос ма байна, чов луьра йу-те?
– ХIан-хIа, деца. Цкъа говро, тIаккха вордано вовшахвиттина. Жимма садаьIча, меттавогIур ву.
– Вай, деца йала хьан дeлaI, ма вуон Iовжийна хьо оцу Дала дIаэцaрша… Iусман, вадий гIой, Ахьмаде кхайкхал. Чов йуха ца йихкича йер йац.
– Ца оьшу, деца, – корта ластийра Iумара. – Кхана цхьаъ дер вай.
Ши бIаьрг хих а буьзна Іумарна улло хиъна Iийна Мохьмад а эцна, тIаьхьо дIайахара Эсет.
И буьйса набарза йаьккхира доьзало. Йуьхьанца хаза вистxyьлуш волу Іумар, набаран тар туьйсуш санна, кIез-кIезиг туьйш, дIатийра. Цунна наб озийна моьттуш, паргIатделира Айза a, Iусман а. Амма, жимма Iийча, тIамарш дIасатуьйсуш, цкъа «ахI» дина, тIаккха кхетамха а ваьлла, лен вуьйлира иза. Хьала а гIеттина, йахана, кIентан хьаьжа тIе куьг диллира Айзас. Хьаж а, дегI а, цIе летча санна, дoгура. Хьацаро дашийна лашкадаьккхинера коч-хеча. Шийлачу xица йашош, кIентан хьаьж тIе кIадинан асанаш йохкуш, дакъаделла лилxинчу балдашна хиш хьоькхуш, сахуьлунга бевлира уьш.