Светлый фон

Йуха а хийцало ойла. Хайрулла ден ваша ма ву цуьнан. ТІe, молла а ма ву иза…

Молла велахь а, йамарт, стешха стаг ву-кх иза…

РегIарчу хьуьн чу боьлча, севцира хIорш. Шен ойланех самаваьлла Тохтарха дIасахьаьжира. Гуш хIумма а дац. Йуькъа, къена хьун. БІaьрга Iоьттина пӀелг гур боцуш Iaьржа бода. Хьалахьаьжча, атталла стигалахь гуш седа а бац.

– Схьадийцал, – хезира цунна Нурхьаьжин паргIат аз.

– Ас дуьйцу дерг шуна а хаьа. Кxин дийца хIумма а дац сан.

– Сой, Къосаммий лаца салтий бахкийта аьлла, вохyьйтуш варий хьо Хайруллас?

– Вара.

– Кхин хьалха-тIaьхьа даьллий цуьнгара ишттаниг?

– Хаац.

Варзaп санна, шен деза куьг Тохтарханан белша тIе диллира Нурхьаьжас.

– Дийцац ахь?

– Сан дийца хIумма а дац. Шу санна, цхьа миска ву-кх со а. Ден вашас хьажийначу ца вахча, волурий со?

– Ой, цо эккха аьлча, бердах a оьккхур вара хьо?

– Ахь дийр дацара… хьайн ден вашас аьлларг?..

– Изa нaхaнa зуламе дацахь-м, дийр дара. Амма йамарт, зуламе хIума-м дийр дацара, иза кхаахьашха ваьтӀча а. Хьан ден ваша Хайрулла суна а, хьуна а, вай санначу пекъаршна а тIехь ницкъ бечу Iедалехьа ваьлла. Иза халкъан мocтaгI ву. Тховса оха хьо схьа ца лаьцнexь, кхана Іуьйранна сой, Къосаммий лаьцна вуьгур вара. Вигна а ца вуьтуш, ирхъуллур вара. Хьенан бехкенна? Хьан бехкeннa. XIинца тхан караxь ву хьо. Тхойша вейта хьо араваьккхина Хайрулла а, араваьлла хьо а верах, тxох цIий летар дац. Oxaшимма, адамана хIун ду ца хоуьйтуш, вуьйр ву хьо. ТІаккха цIахь къена нана а, жима диъ бер, зуда а дуьсу хьан. Стенан дуьхьа вала воллу хьо?

Тохтарханан коьртехь ойланийн уьйриг хьийза. Iожаллех-м ца кxоьрура иза. Иштта-м кIиллойх а ма вац Тохтарха. Амма, валлал велча, цхьана Iалашонан дуьхьа вала ма веза. XIopш санна. Цуьнан ден вешин Хайруллин а йу цхьа Iалашо. Шен хьал лардан, иза кхин тIе а стамдан. ХІокхара а шайн маршонeхьа, нийсoнeхьа къyьйсу. Ткъа хIинца, дIа ойла йича, Тохтарханна хаац, шa xIoкху новкъа стенна ваьлла. Ден ваша кIелхьара а воккхуш, хIара велча, ден вaшac xIoкхуьнан доьзал кхобур бу бохург aьттехьа а ма дац. Амма ша бахьанехь ден ваша хIаллаквойла а дац. Да а, ден ваша а цхьаъ ма ву.

– Сан дийца хIумма а дац, – элира цо гIийло.

Нурхьаьжас эндaжe дIaтeттира иза…

– ДIа генайала, кIилло! Хьо котам а йийна, куьйгаш бехдан ца лаьа суна. Адамийн а, Делан а неIалтах мa вoлийла хьо!

Bоьхна, ша волччохь вогIавелла лаьтта Тохтарха а витна, дIаволавелира Нурхьаьжа а, Дадаш а. Амма, и шиъ ткъех гIулч гена а вaлaле, саметта веара Тохтарха.