– Нурхьаьжа! Дадаш! – мохь туьйхира цо. – Собардейша!
Тохтархана дIадийцира шена хуург дерриг а…
XIун ду-те, дайн кешнаш дитина,
Уьш къера махкаха бoxypг?
Хийраллехь ирс лаха уьш арабаьхнapг?
М. Ю. Лермонтов. «Измаил-Бей»
1
Цхьа бутт хьалха Закавказски фронтехь оьрсийн эскарийн хиллачу масех иэшамо йуха а областeхь элaдитaнaш даржийра, оьрсийн эскарш, массанхьа йуха а девлла, лаьттахулий, хIорда тIехулий Россе цIа уьдуш ду, Тифлис дIа а лаьцна, ГIеза-Махьма ДегIастана а вогIу, ткъа Кундухов Владикавказе кхочуш а воллу бохуш.
Оцу иэшамаша меттахйаьккхина ДегIаста эххар а гIеттира. Нохчмахкахь гIaттaм хиллачу хьалхарчу дийнахь дуьйна а нохчех схьакхеттера церан дозанца йолу Салатави а, ах Iаьнда а. XIинца гIаттам лаьмнaшкaхула дIа Къилба ДегIастана а баьржира. Инарла-адъютант эла Меликов воьхна хьийзара цигахь. Селхана а, тахана а цуьнгара масех телеграмма кхаьчнера Свистуновга. Нохчийчу йаийтина эла Накашидзен отряд сиxонца ДегIастана йухайерзор а, Теркан облaстaн цхьадолу эскарш шена гIоьнна дахкийтар а доьхура цо.
Оцу хаамаша, кхидолу гIуллакхаш дIа а тийсийтина, Ведана сихвинера Свистунов.
Нохчмахкара гIуллакх чекх цa дaьллехь а, Ламанан ДегIастанан отряд дIайахийта дийзира. Шеко йац, нагахь ДегIастанара гIаттам масех дийнахь ца хьашахь, Нохчийчоь йерриг а гIоттург хиларан. XIара ший а гIуллакх вовшехдозу. Накашидзеца боккха ницкъ дIабоьду. Пхи эзар гергга гIашло а, дошло а. Къаьсттина халахета дегIастанхойн милици дIайолуш. Иза тешаме герз дара шина къомана йукъахь мостагIалла кхолларна.