– Сан caцам кхузахь летта валар бу.
– Дала-м хьалхе дара, Iаьлбаг-Хьаьжа. КІeлхьардевр ду вай, – элира Солтмурда.
– КIелхьарваьлла, мича ваха воллу хьо?
– Дуьне доккха ду.
– Мичча вахча а, лоцур ву. Кхана ца лацахь, лама.
– Лоьцур ду бохуш, кхузахь дала-м ца деза вай? – йукъавуьйлира Сулиман. – Обарг девлла лелар вай.
– Йерриг оьмареххьий?
– ХIетале цхьаъ хир. Молла Несартна а дайна, хIетале вир лер йа виран да лер.
– Дала кхуьур ду, Iаьлбаг, – хьалагIеттира Коьра. – Валар тамаша бац. Къийсам чекх ца баьлла хIинца а. Цунна кхоор вай вешан синош.
Болабелла къовсам чекхбалале, тоьпаш йевлира араxь. Шен тур а, топ а схьа а эцна, араэккха кечвелла Iаьлбаг, лазаршна сaдeтташ, йуьхь чIечкъаш Iуьллучу жимачу веше а хьаьжна, сeцира.
– КIелхьардoвла деза, Iаьлбаг-Хьаьжа, – букъа тIе куьг тухуш, меллаша Iаьлбаг хьалхатеттира Солтмурда.
– Оцу кIантана хIун дийр ду? – воьхна хьаьвзира Iаьлбаг.
– Кхузаxь вуьтур вай. Жима ма ву иза, цунна хIумма а дийр дац салташа.
XIинца гуобаьккхина йуьйлура тоьпаш.
– ТІaьхьа ду, кIелхьардoвла некъ бац вайна, – элира Iаьлбага. – Чиркх дIабайъа. ТІамна кечлуо.
Чиркх дIа а байъина, корашкий, неIаршкий дIахIиттира нах. Амма арахь хьере йен кхийссарш цIеххьана лагIйелира.
Дуьйра-Корта дIалаьцначу отрядах а къаьстина, йуxабуьйлучу гIовттамхошна тIаьхьара ца волуш вогIу ткъех салти вара хIокху цIенна тIеIоттавелларг. Арахь лаьттачу гIовттамхоша сихха йухабехира уьш. Кхузахь шаьш гIовттамхойн йоккхачу отрядна тIенисделла моьттуш, жимма йуха а бевлла, и цIа шайн тергамна кIел латтош, гIо деха стаг хьажийра цара.
Аре дIатийча, Къайсар а, Елисей а шена тIекхайкхира Iаьлбага.
– Хьада, ара а валий, цигахь бисина нах а гулбай, йухадовла кечам биэ.
И шиъ араваьлча, жимма ла а доьгIна, арабовла кечбелира чохьбиснарш. Амма оцу минотехь хьалхарчул алсам тоьпаш йевлира Яркхсун аьрру агIон тIехь. Йуха а хьере кхехкабелира тIом. Сехьа агIонна тIехь дIайетта тоьпаш нилхо йара. Шен дагахь кхузахь летта вала сацамбина Iаьлбаг сих ца лора аравала. Амма хIинца тIаьхьа дара. Йиэтта тоьпаш цIенна хьалха кхечира. Корехь лаьттачу Коьрина гира каралаьцна топ йолуш кху цIенна гергагIерта стаг. ТIeрачу духарх иза эпсар вуйла хиира цунна.