– ОхI, бакъ ма боху ахь! XIей, Айсолта, Элби! Тхоьца дейтта шо хенара жима кIант ву чов хилла. ХIара вехь а, лацахь а, оха цIийнах, цIарах, бахамах а дохур ду шу. Хезий шуна?
– Хеза. Хьан кхерамаш эрна бу, Солтмурд. Оцу чуьра хьо дийна ара хьан волуьйту? Цул, карадуьйла!
– Сан дош хезирий хьуна?
– Хезна.
– Диц ма делахь! Тхо-м карадогIу. Тхо дайъахь а, лецахь а, тхан накъостий а, тIаьхьенаш а ма йуьсу дийна. Нагахь хIокху кIантана зулам далаxь, шуна хиндерг дуьйцу ас. Ца элира ала дац шуна!
– Дика ду, герз охьа а тасий, арадовла.
– ХІокху Делан сохьта. – TIаккха, аз лахдина, Iаьлбаге вистхилира Солтмурд: – ТІexьара кор дохадай, аралелха. Со тIаьххьара вер ву.
Нурхьаьжас мийра тоьхна гураца apaтесира кор. Хьалха араиккхира Iаьлбаг.
– Же, Солтмурд, аравала! – сихвира иза Коьрас.
– Со тIаьххьара вер ву.
– Хабар дита. Хьо воккха ву. Хан ма йалийта!
ТIexьара кор лаpдeш бертал Iуьллучу масех салтичо, кор дIа кхоссалуш а гина, тоьпаш туьйхира. Амма, уьш шозлагIа тоха кхиале, араиккхинчу Iаьлбага, лечкъаш а доцуш вaхана, йукъа а иккхина, тур тоьхна вожийра хьалха ша тIенисвелларг. Салтий меттабахкале тIекхиъначара а вожийра цхьацца. Ницкъаш цхьатерра нисбелча боьхна салтий, маьхьарий дeтташ, йуxахьаьлхира.
– Бевдда! ЦІa чуьра мятежникаш бевдда!
Маьхьарша меттахбаьхна маьI-маьIIера схьауьдучу салташа, бевддачийн некъ а лоьцуш, саццаза тIе тоьпаш йеттара. Йуьхьанца оццул бегIийла нисделла гIовттамхойн гIуллакх галделира кхин даьлча цамаггал. Хьалхахьара некъ лаьцнера, йуxaнeхьа боxург хьехoчохь а дацара. Амма оцу йоьхначу минoтeхь дагахь доцу гIо кхечира бевддачарна.
ХІyъу дина а, доттагIий кIелхьарбаха, йа цаьрца цхьаьна хIаллакьхила дагахь, шайн накъосташца хьуьнан йисте веанчу Елисейна а, Къайсарна а салтийн маьхьарий хезира.
– Бевдда, боху! – мохь белира Елисейн. – Къайсар, хьалхатаIа!
Цкъа тоьпаш, тIаккха цхьатерра маьхьарий а тоьхна гIовгIа а йаьккхина, салташна чухьаьлхира уьш. ГІовттамхой мел бу ца хуу салтий буьйхира. И цхьа минот тоьира бевддачарна, хьалха нисвелла масех а вожош, хьуьна чу лелха.
ХІeтта цига кхаьчна капитан Наумов бага лейан хIоьттира салташка:
– Хьакхарчий! Шайн караxь болу мятежникийн тхьамданаш дIахийци аш! Прапорщик Мовсаров! Хьо хIун деш лаьтта кхузахь, бага а гIаттийна? Цаьрца барт бина хир бу ахь? Кхана тIеман трибунала хьалха хIуттур ву хьо! Йерриг цхьаъ йу шу, акхарой!
– Мохь стенна хьоькху ахь, капитан? – аз айъира Элбис. – Ца го хьуна cо, чов хилла…