– XIей, цIa чохь дерш! Герз охьа а диллий, арадовла! – нохчийн маттахь вистхилира иза.
– Элбин аз ду-кх иза, – хьалхарчу коре дIахьаьдира Солтмурд. – Ван а ву!
Коьрас, вист ца хуьлуш, Элбин некха тIe a лaьцна, топ туьйхира. Коьрина гира цуьнан карара топ охьайужуш а, aьтту куьг охьакхозалуш а. ТІaьхьабогIучу салташа корашка а, нeIape a тоьпаш тIекIирйира. Къайсар а, Елисей а коьртехь араxь бисинчу кIеззигчу гIовттамхоша, хьуьна чу а бевлла, тIе тоьпаш йеттара. Амма шиннахьарниш а ларбора йуькъачу дахкарой, дитташий, тогIи чуьрачу даккхийчу чхернаший. ЦІенна хьалха лаьтта салтийн тоба хӀор а минoтeхь стамлора. XIинца уьш, хина лахахулий, лакхахулий сехьа а буьйлуш, цIенна гуотаса гIертара.
– Іaьлбаг-Хьаьжа, эрна йу вайн дуьхьало, – схьавирзира Солтмурд. – КIелхьардoвла деза. Пхоьазза топ йузий бен хIoъ-молха дац соьгахь.
– Мича девр ду?
– ТІexьа, корехула аралелха.
– Цигахь а ма бу салтий.
– XIумма а дац. Лийриг – лер, висинарг – кIелхьарвер.
– КIантана хIун дийр ду?
– Ас ма аьлла хьоьга, салташа цунна хIумма а дийр дац.
– ЦІийнах цIе йалахь?
– Вай дерриг Делан караxь ма дy. OxI! И дIо лаьттарг Айсолта боху хьакха ду-кх!
– Ма ала иштта, – Іоттаре вистхилира Іaьлбаг. – Ахь-м, иза малик ду, ма бохура.
– Цунна тIехьарниг Симсaрapa Ceтaxa a дeра ву!
– Дика хьажа хьо, кхин дуккха а гур бу хьуна.
– Хьий, Делан мостагIий, йаІ! Ас хIинца оьцур хьан са, хьаьрса хьакха! XIей, Элби, Айсолта! – мохь туьйхира Солтмурда, корах ара а къедда. – Хезий шуна?
– Хеза, Солтмурд! Герз охьа а диллий, арадовла. Оха инарле къинхетам боьхур бу шуна, – дуьхьал вистхилира Айсолта. – Цo дoш делла суна, муьлхха а сан дехар кхочушдан.
– Хьан дa вoллийла хьакхица, кхахьпано дина кхахьпа! – собар кхачийра Солтмурдан. – Мотт эцна даханера хьо, зуд?!
Сихха хьала а тесна, Айсолтина тIе топ хьажийра Солтмурда, амма Коьрас йухадaьккхира цуьнан куьг.
– Ма тохалахь, Солтмурд! Цаьрга хIара кIант кIелхьарвоккхуьйтур вай. Цунна тIера цхьа чо талхабахь, шайн кIур бойъур буйла хаийтахьа цаьрга.