Светлый фон

– Россехь муьжгaшкa лeлaдoйтий герз? Ца леладойту. XIета, берриг гражданашна цхьа закон ду вайн.

– ГIалгIазкхий бац ткъа Россин гражданаш?

– Уьш Iедалан гIортораш ма йу. Церан тарраш тIехь лаьтта пачхьалкхан чIогIалла.

ЦIеxxьана даккхийра догIанан тIадамаш эга дуьйлира.

– Газеташ тIехь ма кIезиг гучуволу хьо? – Iуттуш хаьттира инарлас.

– Сайна тоъал.

– Вайн тIемалойн хьуьнарех хIунда ца йаздо ахь?

– Мичахь ду уьш?

– Кхузахь.

– ХIара эхь кхайкхо Iалашо йац сан, хьан локхалла.

– Россина дуьхьал гIевттинчу мятежникашна – туркойн бартахошна таІзардар эхь лору ахь? – хьаьжайукъ хабийра Смекаловс.

Абросимов къаьрззина инарле хьаьжира.

– Ахь мича тIедоьгIна лору хIорш туркойн бартахой?

– ТIом болабеллачу шолгIачу дийнахь ма гIевттина уьш.

– ТIом Турцис ма ца кхайкхийна, ткъа Россис кхайкхийна.

– TIаккха?

– Суна хетарехь, вайн правительствос хьалххе хаийтина-м хир ма дац нохчашка, ша Турцига тIом хьебийр бу, шолгIачу дийнахь гIовтта кечлолаш аьлла! Тахана вайн чоьхьарчу цхьайтта губернехь а ма бу ахархойн гIовттамаш. И оьрсийн белхалой а, ахархой а лору ахь туркошна гIоьнна гIевттина?

Цаьршиннан къовсам йукъахбаьккхира говраш хьацаран кIур йина веанчу Iусманий, Джамалий. Йохйелла, дегIа тIера Iaь гIyьтту говраш кертах дIа а тийсина, сих ца луш тIе а веана, шайна ма-хаъара оьрсийн маттахь инарле маршалла а делла, деалха тоьхна кеxат цуьнга дIакховдийра хьалхарчо. Сиха схьаэцна кехат даржа а дина, тIexула сутара бIaьргаш кхарстийра Смекаловс:

«Cийсара суьйранна болабелла тIом сахуьлунга баьлла.

Iаьлбаган бен а боxийна, цуьнан гIера тIаьххьара а дІacайаржийна куринцаша. Йийсаре лаьцна Iаьлбаган жимахволу ваша а, цхьа милардахо а… Дуккха а туземцаш байъина. Вайн дараш дукха дац. Прапорщикна Элбина чов йина. Мятежникийн гIеранна тIaьхьадевлла тхо. Лагере йухадерзар кхана хир ду.