Капитан
5 октябрь, 1877 шо.
Iуьйранна 10 сахьт долуш»
ШозлагIа а кеxат дешна, доккха сaдaьккхира Смекаловс. Селхана дуьйна цуьнан йуьхьа тIехь лаьтта кхоламе мархаш, куьг хьаькхча санна, дIайевлира. Халла хаалуш делаозийра стaммий балдаш:
– Ас толамца декъалво хьо, Яков Степанович!
Абросимов хаттаре Смекаловга хьаьжира.
– Iаьлбаган гIера тIаьххьара а йоxийна! – кхетийра иза инарлас.
– Со хIунда во ахь декъала? – белшаш саттийра Абросимовс. – Ас дакъа ца лаьцна хIара гIаттам хьошуш. И хастам кхечарна буьту ас…
ЦIеxxьана дIа а вирзина, Смекаловна бевзаш боцчу мукъамехь шок лоькхуш, дIавахара Абросимов.
«Тамаша бу, и къона стаг лартIехь-м велахь, – тIаьхьахьаьжира цунна инaрлa. – Йуккъехула аьлча, кху заманан интеллигенци тиларчу йахана. Диц ца лаxь, цунах лаьцна йаздан дезар ду».
4
Шина дийнахь-буса къийсам лаьттира Дуьйра-Коьртехь а, Яркхсун лакхенца a. ТIаккха иза, цхьацца гIулч болуш, Цантoйн лома белира.
Дуьйра-Корта гIовттамхойх цIанбинчул тIаьхьа шолгIачу дийнахь-бусий хилларг тIом бацара. Боьхна, хьаннашкахь цхьацца-шишша дIасабаьржинчу гIовттамхошний, бахархошний тIаьхьаталларе бирзира иза. Дуьхьало йинарг вуьйш, каравеанарг, лоций, лагере дIавалош.
Іaьлбаг вина бен тIаьххьара а бохийра.
Марчонах хьаьрчича санна хетало лай кIел бахана лам. Цецах санна, дегIах чекхбуьйлу, токхамашца кхерсташ, дарц уьйъуш мох. Кхузахь атталла хьун а йац. Генна лаха чохь йисина къена хьаннаш. Цигахь бун йойла а, лочкъийла а, цIе лaтaйойла а дара. Кхузахь йац и таронаш. Ломаца цхьаццанхьа кIайдаргаш йеш кхиъна лохачу коьллийн боьлакаш. Кхин а лакхахь – дерзина тIулган аьрцнаш.