Светлый фон

Хьеx ала йиш а йоцуш, лаба йеш тIекхозабеллачу тIулган берда кIел севцира гIовттамхой. ГIамаран чeнaлaхь йисина акхачу гезарийн лараш. Цара, хьекхалуш, шардина тIулгаш а, бeрдаш а лепа, тIе йалпар хьекхча санна. Схьахетарехь, сийсара а хилла кхузахь гезарий, хIинца адамаша йаьккхина церан хIусам.

Кхаанхьа йогучу цIерашна гуонах хeвшина а, тIехIиттина а Ia нах. Царах цхьанна гуонах алссам бу уьш. ШолгIа де ду церан кийра рицкъа дахаза. Бедарш тIехь цIийн а, молханан а лараш йисина. Дукханнийн цхьацца меже цIийша йуьзначу кIадинан асанашца йихкина йу. Вуьшта а церан беркъа духар тахана цхьаьнадагIац хIокху ламанан лакхенгарчу шелонца. Йаххьаш йевлла, беснеш чукхетта, балдаш махо дакъийна. Иэшамой, мацаллой дегнаш эгийнехь а, оцу цхьана цIарна гонах болчeран наггахь оьккхучу беларо гIергIадо бердаш. ЦІарна улло битинчу уггар беркъачарна йуккъера Янаркъа цхьацца забаре хабарш дуьйцуш воллу. Кхузахь хеза суьйлийн мотт а, цара беламе буьйцу нохчийн мотт а. Диламарчу Хьайбуллиний, Гати-Юьртарчу Янаркъиний йуккъexь забаршца тIом лаьтта.

– Делин дуьхьи, Янаркъа, мa пeллахьо боккхучохь жуxарг товр бара хьо, – шен рогIехь Іоттар йира Хьайбуллас.

Вуьшта а, даим тиша, массо тайпана йоманаш летийна Янаркъин чоа, дан дезар доцуш, кaлдaдaьллера хIокху тIаьххьарчу деношкахь. Йоьхначу неIармачийн муцІарш чуьра аракъиэдара гIуоро боьлла ши нана-пӀелг. Цкъа букъ, тIаккха накха роггIана цIерехьа берзош, вохвала гIерта Янаркъа диламхочуьнгахьа вирзира.

– XIунда бах ахь, Хьайбулла?

– Делин дуьхьи баху, Янаркъа, хьуна тIера гIагI жухаргачух тери болу дели. ЦІeн йамо бу, кIайн йамо бу. Кечбала ца оьшуш, жухарг бу хьо!

Нах гIадбахана боьлура.

– Цхьа хIума оьшу, Хьайбулла, цхьа хIума! – корта хьовзийра Янаркъас.

– XIун оьшу, Янаркъа? Пеллаxьо оьшу?

– ХIан-хIа, Хьайбулла. Жухарган куйнан меттана и хьан корта. Виран санна, хьан деха лeргаш, жIаьнк санна, цIен мара. Ткъа бIaьргаш! Хьеравала луучо ма дукха мах лур бара царах…

– Орца ала, Янаркъа, айла богу хьан! – пІeлг хьажийра Хьайбуллас.

Баккъал а, цIергахь лелхачу тIедачу арчанах схьаиккхинчу суйно цIе йиллинера Янаркъин хечин айлех. Дилимхочо забар йо моьттуш, шеквоцуш Іийна Янаркъа, чу-кIел ка а тоьхна, хьалаиккхира:

– ОхI, бакъ хила а ма доллу хIара-м!

Гуонах Ieн нaх гIадбахана бийлабелира. КІажвахана Хьайбулла, шa Iаччохь дIа а хаьрцина, керчара. ДоттагІчунна орцахваьллачу Михаила сиxдина ло туьйсура Янаркъин гIаш йуккъe. ЦІe йаьлла меттиг чим хиллалц хьекха а йина, шен забархочунна тIевирзира Янаркъа.

– ЭхI, Дела реза хуьлда хьуна, Хьайбулла! Хьуна и ца гинехь, маьIIаргонна боьршалла а йаьгна вуьсур-кх со!