Светлый фон

– Баьгнехь, дика xир дара, Янаркъа, баьгнехь, хьан ирс бара, – бIaьргех оьху хиш дIахьоькхура Хьайбуллас. – И боьршалла вайна оьшучуьра дIабаьлла!

– Ма алалаxь иштта! Цхьанхьа цавевзачохь Іожалла хилахь, хIара нохчо боьрша а хиллий-те бохуш, нах боьлур бу сох…

Накъостийн забарш дIатийча, халла дешнаш къаьсташ, лохха иллин мукъам болийра Iаьлбага, ткъа Нурхьаьжас тIаьхьара гIигI бира:

 

Доза дац хьан мехкан, хьоьгарчу ницкъан,

Хьолана вукъвелла, хьере хьо хилла.

ХIай паччахь, дитахьа тхан миска рицкъа,

Mа Iиттахьа тхан коча гIиллакхаш хийра.

 

Латта ахь дIадаьккхи, маршонах дехи,

Лай хилий, кIелсаца халкъe axь боху.

Дитахьа кхузахь тхо машape даха,

Цхьаьнгге а, хIумма а ца доьху оха…

 

Елисей ца кхетара иллин дешнех. Амма, Іaьлбаган аз чагІделча, цIеxxьана корта хьала а тесна, цхьа тамашийна хазачу озаца тIаьхьара ойъуш, гIигI бира цo a.

 

ГІеттинарг шен маршо, шен доьзал ларбан,

Зуламхо кхайкхавой, ахь тIепаз войъу.

Хьайна мотт хьоькхучу чаьлтачийн арданг,

Тхан цIийца совгIат деш, ахь даржехь ойъу.