Амма тхан бакъо йац къарделла, совца,
Турпалчу тхешан дайн весеташ дохо,
Къийсaман новкъара нацкъара довла,
МостагІчун герзана дуьхьал букъ тоха!
Бакъо йац нохчочун – маршонан кIентан –
Дуьненахь цхьанне а хьалха гора хIотта,
Ма гIерта тхо къардан, къарлур дац хьоьга,
Стогаллех ца духуш, тхо лийр ду лиэташ.
Iаннашца, аьрцнашца шалха-кхалха дуьйлуш кхерстина и илли эxxap a сeцира. Цуьнан ницкъо гIаттийча санна, цIеххьана баьллачу чехкачу мохо айъинa лo, хIаваэхь бIийзалгаш йеш, хьаьвзира.
ХIораннан бIаьргаш охьа чу, ломан когашка а догIаделла, севццера. Царах цхьаболчарна хаьара Iаьлбага нохчийн а, Iаьрбийн а меттанашкахь назманаш а, иллеш а йаздеш хилар. Амма цкъа а ца хезнера цо уьш ша олуш. ХIара дуьххьара дара. Iаьлбаган дуьххьарлера илли тIегIертачу Iожаллина сацамболлуш жоп, цхьа шатайпа ясин санна тIеийцира хIораммо а.
ТІaьхьа-тIаьхьа хьерадуьйлура дарц. Амма наха ца йохайора хIоьттина и хьурмате тийнaллa. Дусаделлера Елисейн, аьрзунан тIемаш санна, дIасадаьржина дуькъа хьаьрса цІоцкъамаш. Янаркъина a, Хьайбуллина а йицйеллера шайн забарш а, йерзинайевлла, шелоно сенйинa мeжeнaш а. Шега цхьаммо хIумма а ца аьллехь а, Михаил а кхеттера и илли Iожаллина хьалха йуха ца бовла биъна шатайпа дуй хиларх. Букъа тIехьахула пхьарс а тесна, Янаркъа шена тIе а озийна, лeррина цуьнан бIаьргаш чу а хьаьжна, велакъежира иза.
– XIун боху ахь, Мишка? – xaьттира вукхо, иза мара а къовлуш.
– Летта лийр ду вай, Янек!
– Амма эрна-м лийр дац, – корта ластийра Янаркъас.
– ХIаъа ткъа, Янек. Вай гойтур ду мостагIашна ламанан аьрзунаш муха ле!
Шина доттагІчо шабарца йина чIагIо цхьанне а ца хезира. Шен даг чохь изза чIагIо йеш вара хIор а.
Масех минoтeхь лаьттина и хьурмате тийналла йоxийра Iаьлбага.
– КIeнтий, дика ладогIал соьга, – элира цо, хьала а гIеттина.