Светлый фон

– «Шу» бохуш ма Iа хьо даим а, айхьа ден дерг мa дaц хьан дуьйцуш?

Шен дакъаделла лилxинчу балдех шога мотт хьаькхира Iаьлбага. Цхьана йукъана лаьттан бIaьра вогIавелла а Ӏийна, тIаккха сацамболлуш вистхилира иза.

– Со ДегIастана воьду, кIентий. Шуна ма-хаъара, масех де хьалха цара дIавехна со. ТIaьххьара минот тIехIотталц лата лаьа суна. ТІаккха ша хирг хир ду.

– Ой, тхо дахка ца мега хьоьца?

– ХIан-хIа, – корта хьовзийра Іaьлбага. – Соьца дахка мегар дац. Цкъа-делахь, вай дерриг цхьаьний даxалур дац цига. ШолгIа-делахь, ас санна, аш а, хIораммо ша вол-волчохь ойла а йина, шайн лаамехь сацам тIеэца лаьа суна. ДІасагIо. Ойла а йай, дерриг дустий, уозий, тIаккха шайна шайн даго хьоьххург де. Ас сайн вежаршна а пурба лац сайна тIаьхьахIитта. Ас ма-аллара, шех къинхетам бийр бу аьлла хетарг Iедална тIегIо, Iедалан кхинхетаме догдохуьйла йац аьлла хетарг цхьанхьа генахь къайлавала. Къийсaмexь вожар шен декхар хетарг, ша хIоттий, суна тIаьхьа ДегIастана дIавола. Амма тахана суна тIаьхьара дIадовла. Сан тIаьххьара дош ду иза.

Шена хьалхара нах дIаса а теттина, Iаьлбагна хьалха хIоьттира Акхта.

– ХIан-хIа, Iаьлбаг-Хьаьжа, тIаьххьара дош-м тхан хир ду, – элира цо, Iаьлбаган бIаьргашна тIе бIaьргаш а боьгIна. – Хьо оха хаьржина. Тхан лаамца хилла хьо имам. Оха тxaьш хьо дIатасале, тхо дIатийса бакъо йац хьан.

– Нийса боху Акхтас! – йуккъера схьа мохь туьйхира Сулимана. – Вай биъна дуй бицбина аxь, Iаьлбаг-Хьаьжа?

– ХIаъа, ткъа, – гIо лецира ЯнгIулбис. – Вай дуйнаш биъна тIaьххьара минот тIехIотталц лата а, дала а.

Елисей, цхьа-ши гIулч хьалха а ваьлла, Iаьлбагна улло хIоьттира.

– Хьох ваьлла ваха меттиг бац санний, Михаиланний.

– Шун-м аьтто бара, Элса, кIелхьардовла. Росси йоккха йу, массанхьа а оьрсий бу. Генна цхьанхьа дIа а гIой, цIе а хийций, ваха хаа.

– ХIан-xIa, Iaьлбаг. Кханeхьа тIай дагийна охашимма. Хьоьца бу тхан кхоллам, кхин хабар ца дуьйцур вай.

Коьрий, Къайсаррий вист ца хуьлуш лаьттара. Iаьлбага хIуъу дийцахь а, цунах къаьстийла дацара цаьршиннан!

– КІeнтий, со Iожаллина тIе ма воьду! – аз айъира Іaьлбага. – ДегIастанарчу вайн вежарша дIа ма кхайкхина со. Цара кхойкхург со ма ву, шу мa дaц.

Нахана йукъахь гIовгIанаш йевлира:

– Тхо къаьстар дац хьох!

– Хирг цхьаьний хир вайна!

– Вешан дуй ларбер вай!

Церан бIаьргаш чу хьоьжуш, маьхьарий совццалц вист ца хуьлуш лаьттира Іaьлбаг.