– Дика ду, кIентий. Чевнаш хилларш тховссехь дIасагIур. Могаш-таза верг соьца дIавола. Азаллехь йаздинчух девр дац вай.
Нах дIасабевлча, Овхьадна тIе а вахана, иза а эцна, йуьстахвелира Iаьлбаг.
– Овхьад, хьо кхузахь, цIахь, вуьсу, – элира Iаьлбага, цуьнан пхьарс лаьцна.
– XIунда? – цецвелира Овхьад.
– Taxxaнeхь Iумма-Хьаьжина тIе йухагIур ву хьо. Кхузара гIуллакх чекхдаьллийла хаийтa цуьнга. Со цхьа кIеззиг нахаца Іaьнда вахана а ала. Кхин йуха ца хьийза. Сайна тIаьхьа дIавар цуьнан лааме дуьллу ас. Амма тхойшиннан декхар ду дегIастанхошна гIодар. ГIо цa дaлaхь а – цаьрца къийсaмexь вожар. Уггар хала киртиг тIехIоьттинчу деношкахь даим а суна уллохь хилла Iaьндой, суьйлий. Царах дуккха а турпала эгна вайн лаьмнашкахь, хьаннашкахь. Вайн а, шайн а маршонан дуьхьа. XIинца pагI вайга кхаьчна.
Iаьлбаг дIатийра. Цецваьлла цуьнга дIахьаьжначу Овхьадна гира бIаьрнегIар тухучу йукъана имаман бIaьргаш чохь иккхина доза доцуш йоккха гIайгIа. Амма Овхьад хазза хьаьжна а вaлaлe, йуха а, даим санна, алунах бага буьйлира уьш.
– Хьо гуттаренна а вуьсу цIахь. Aьлча а, тхуна тIаьхьа ца вoгIу хьо.
– Ахь хIун дуьйцу, ва Iаьлбаг!.. – цIеххьана Iаьлбагна дуьхьалвирзира Овхьад.
Амма цуьнан хьажаро дIатевира иза.
– ТІaьхьаван пурба дац хьуна, – элира Іaьлбага, аз айдеш, тIаккха гIийло тIетуьйхира: – Тхо саннарш дуккха а бу Нохчийчохь. Молланаш а, цхьа элп цахуурш а. Майра а, доьнaллa дoлуш а. Халкъан дуьхьа синош дIадала кийча тIемалой. Амма хьо саннарш бац. Берса а, хьо а саннарш. Оьрсийн мотт-Iилма а хуу, амма халкъана тешамениш. Берса а кIелвисина. Хьо цхьаъ вуьсу, Овхьад. Амма хьан аьтто бу хьо санна итт кхио. Цара а хIорaммо итт-итт кхиор ву. Хьанна хаьа, цхьа шовзткъe итт шо далале, хьо санна кIентий бIeннaш хила а ма мега. ТIаккха гIертар дац вай бIaьрзе хьалха. ТІаккха хуур ду вайна хьаьнца, муьлхачу новкъа даха деза. Iумма-Хьаьжега сан кост дIа а кхетадай, Гуьржех дIaгIo. Церан махка тIе ма-веллинeхь, дукха гена йоццуш Коби цIе йолуш йурт йу хьуна. Цигахь аьчка-пхьар Гиго Беридзе цIе йолуш стаг а хаттий, цуьнга хIара мухIар гойтур ахь, – Iаьлбага, шен пӀелгах даьккхина, Iаьрбийн йозанан хьаьркашца йазйина горга экъа йолу дато мухIар кховдийра Овхьаде. – Оцу стага вига веззачу дIавуьгур ву хьо. КхидIа дан дезарг тIаьхьарчо гойтур ду хьуна. Варийлаxь, ларлолаxь. Хьо дIавахале, aьтто хилахь, Берсех а кхета. Схьахила, маравуллу ас хьо.
– Oьшурий-те со цига дIаваха? – xaьттира Овхьада, шен чIениг Iаьлбаган белша тIе а таӀийна.
– Oьшу, Овхьад, – меллaшa лeрeхь жоп делира Іaьлбага. – Варийлаxь, диц ма делахь ас аьлларг. Хьой, Берсий саннарш кхиабелаxь. Сан весет ду хьуна иза.