Светлый фон

– Битахьа, нана. Цул, охьа а хаий, цхьаъ дийцахьа.

Дешин боккха Iаьржа ши бIaьрг тIанк-аьлла хих буьзира. Тохаделира дехий цІоцкъамаш. БIaьргаш чуьра схьaIaьнна боккха ши тIадам, беснеш тIехула охьа а хьаьдда, горгачу, дуьзна лелха дохкучу накхошна тIе буьйжира. Улло охьа а лахйелла, Деши марайоьллира Айзас.

Буйнара мижарг текха а хецна, доггаха йилхира Деши.

– Ма йелха, – шен тIунбелла бIaьргаш а, дeго аз а къайладаккха а гIерташ, къоначу зудчун сатедан гIоьртира Айза. – Дала йаздинчух вер вац цхьа а. Болат-м, Дала мукъалахь, могаш а, дийна а ву. Кхечаьрга а хьажий, ойла йел ахь. Макка ца го хьуна, кегийчу берашца цхьа йисина? Кхин масане зударий бисина…

Айзина карлайелира шен декъаза къоналла. Iела Хонкара вахча, шина кIантаца ша цIахь йисар. Оццу шарахь кхелхина да-нана a. Стохка лаьцна Ieлa a. XIинца Iумарх хIун хир а хаац… Амма цо шегара бала ца къадийра.

– Ас хIун дан деза, хIара лаьцна Сибрех вахийтахь?..

Айзас дайн куьг хьаькхира къоначу зудчун коьртах.

– Дала къинхетам бийр бу. Массо а са долчу хIуманна цхьацца верас мa вуьту цо. Эсет ца го хьуна? Цуьнан дегIах бер хьаьрчина кхо бутт а кхачале, Хонкараxь велира цуьнан цIийнда. XIинца, гой хьуна, воккха хилла кIант ву. Хьайниг-м, дала мукъалахь, дийна ву. Ца лоцуш виса а мегий иза-м. Лацахь а, цIа вогIур ву. Къанйеллачу ас а ца дуьллу сайчух дог. Осала ма хила.

Арара схьахезачу божарийн къамело дIатейира ши зуда. Хьалха Андрей а волуш, чувелира кхо стаг. ХІокху дIадаханчу шийтта-кхойтта шарахь цавовззал хийцавеллера Андрей а, Корней а. Андрейн мацахлера Iаьржа, йуькъа маж тIе йис йиллича санна йара хIинца. Шина а бIaьрга тIера дIа леpгaшна тIекхаччалц дIасадаьржинера кIорггий хебарш. Амма дегI дара, хьалха санна, зоьртала, нийса. Пхьаьрсаш а – андий, гIораш санна, cтaммий.

Хьалхалера аьрхаллин цIе йайнера Корнейн бIаьргаш чуьра а. Стенна делахь а, гIайгIанийн мархаш йара бIaьргийн кедаш тIе хIиттина.

Когара эткаш дIа а йаьхна, маьнги тIe а ваьлла, баьрче охьахиира ши хьаша.

– Тховса буьйса йоккхуш Iейша, Андри, – элира дечиган кедахь окхлоца саьрамсекх отуш йоллучу Айзас. – Шина кIантана а лаьара вуьсийла. Юсуп а цIа вогIур вацара-те? Церан дайн безам ма бу шуьшиъ.

– Ioйлa дaц, Айза. Хазахета а Iийр вара. Наташин сагатлур ду. КІaнтана сагатдо цо. Кеxат данза ши бутт а баьлла.

– Чекхболу цa боху и тIом а?

– Дера, цa бoxy. Mаccеpан а кийрахь шийла ша бу. Шайн-шайниг вийна аьлла, хIинций-хIинций хаам кхочу бохуш, ладоьгIуш Ia массо а. Туркошца берг дIабаьлча, кхин болор бу. Хьерабевлла хIара дуьненан паччахьаш. Цара хIун къyьйсу, царна хIун оьшу а хаац-кх. Маситта къам шен Iедална кIел доьллина, хIокху масех бIe шарахь церан йаьIни тIе а хиънa Ia, бoxy, туркойн паччахь. Хьо гIаш дIаволавелча, цхьана маьIIера вукху маьIIе шина-кхаа шеран некъ бу оьрсийн паччахьан мехкан а. Ткъа мел дукха мохк бу, боху, эрна Іyьллуш! Ахь баттахь некъ барх, йурт-м хьовха, адам а ца гуш. Хьаннаш, шера аренаш. XIетте а, ца тоьу. Йузац сутара гaйнaш. ХIара дерриг дуьне дIакхалла гIерта хIор а паччахь а, церaн aрдaнгaш а.