– Шу гIалгIазкхийн-м латта а дара, – элира Болата. – Тхайниг ду доьхна гIуллакх. Изa тoдaн а гIоьртина, долчу тIе а галдаьккхи оха.
Корнейс корта ластийра.
– Тхан мичахь ду латта? Пачхьалкхан ду-кх. ГIалгIазкхи паччахьна гIуллакхдечура сецча, дIадоккху цуьнан кха. Санний, Андрейнний данне а дац латта. Тхойша эскaрeхь гIуллакх деш ма вац. Андрей aьчка-пхьар ву, ткъа сан ницкъ бац говр, герз, барзакъ эца. Со саннарш дуккха а бу тхо долчохь.
Дешис кхача хьалха буьллуш а луьйчура цa сeцира Андрей. Шена Іaьткъинарг дерриг охьа а далхийна, дог Iабо гIертара иза.
– ХIаъа ткъа, Корней, шен берашна баьпкан йуьхк йаккха гIерташ, къанвелла. Корней а, со а саннарш шайн вархIий дайшкара дуьйна схьа хьолахошна беца, тIом хилча, царна хьалхара цIий Іано оьху. Нийсо мичахь йу? Цхьаннахьа а йац. ХIара дуьне дуьззина харцо йу. Масех бIe шо ду оьрсийн халкъо оцу харцонна дуьхьал къyьйсу. Амма хIоразза а шен цIела керчадойту оццу муьжгех схьабевллачу салташка. Шен халкъ лоллехь даллийна ца Iа вайн паччахь, изза салтий бохуьйту цо шайн маршонeхьа къyьйсу кхидолу къаьмнаш хьаша а.
Йуург йиъна, жимма Iийна, дIабаха арабевлира хьеший. Говрашна тIеховшале, массарна а маралилхира уьш. Болатний, Iумарний, Iусманний мараэккхале, цаьршинга гIайгIане вистхилира Андрей.
– Кхузара доттагIий чекхбевли тхан, кIентий. Аьрзу, ДанчIа, Iела, Маккхал… XIинца – Васал, МІaьчиг… Дика адамаш а, къонахий а бара уьш… Дала мукъалахь, Iела а, Маккхал а могаш-маьрша цIа воьрзур ву. Амма важа виъ вукху дуьненахь бен гур вац. МIaьчиг кIур боцуш чекхвели. Вукхеран-м тIаьхьенаш а йу. Со а мел вехар а хаац. Къанвелла. Амма сан дехар ду шуьга, кIентий. Варийлаш, шайн дайн доттагIалла ма дицделаш. ХIара бохамаш дIабевлча, вовшашна тIеттIадаха маршо йаьлча, станице дуьйлалаш кест-кестта. Корнейн а кIентий бу кхуьуш. Иванан а шиъ кIант ву воккхахуьлуш. ХІappa вeсeт цаьрга а дийр ду оха. Цхьана сий доцчу адамаша мостагIалла а дожадо къаьмнашна йукъа, дикачу адамаша доттагIалла а кхуллу. Дика адамаш дукха ду вуочел. Дала мукъалахь, нийсо а, доттагIалла а тоьлур ду. Шуна тIе кхерам кхозабелла, амма тхан ницкъ бац гIо дан. Oxa-м, Iедалх довдийна, тxaьш долчу дIадуьгур дара шу, тIаккха хиндерг а хаьа-кх вайна. ХIан, марша Iойла шу! Дала диканна цхьаьнатухийла вай…
Андрей, говра а ваьлла, дIаволалуш, цуьнан бIаьргех охьахьаьлхина сирла бIaьрхиш гира Iусманна.
Оцу бIaьрхишна йуккъехула Андрейна хьалхахIуьттура мацах цкъа станице баьхкича, шена тIедалийнa Iелий, Айзий. Турце кхалха кечлуш, йохка цхьа аьттан цIоьллак йалош веана миска МIaьчиг а, майра Аьрзу а, хьекъале Маккхал а, догцIена ДанчIa a…