Светлый фон

ТІаккха, вовшийн марара а ваьлла, куьйгаш дIа а ца хоьцуш, вовшашка хьаьжира и шиъ…

Цхьа сахьт далале, чевнаш хилларш а, могаш боцурш а дIа а къастийна, шеца бисинарш багарбира Iаьлбага. Уьш кхузткъа вара.

– Ма тамашийна нисделла хIара! – элира цо уллохь лаьттачу Коьрега.

– XIун хилла? – ца кхийтира Коьра.

– Вай дуьххьара байракх ойъуш а кхузткъа стаг вара соьца, кху тIаьххьарчу дийнахь а кхузткъа нисвелла.

– Диканна хила ду, – тидира иза Коьрас.

– Амма оцу хьалхалерчу кхузткъаннах ах сов бац тахана вайца… Цхьаберш байъина, цхьаберш, лецна, махках баьхна…

– Вайх хиндерг а хаац. Вай новкъа довлале, доьзалх кхетий хьо?

– ХIан-xIa, Коьра. Нахана йукъара а къаьстина, со воьдуш товш хир дац. Церан а ма бу доьзалш.

Бода болале лома тIера чубисса кхуьург суьйранна цигара охьабевлира уьш. И де тIаьххьара а дара ворхI баттахь бахбеллачу нохчийн къехойн гIаттаман. Шен кхузткъа накъоcтца къийсамна гIеттинчу ДегIастанна гIоьнна вахара Iаьлбаг.

Иза хилира 1877-чу шеран 15-чу октябрехь…

 

XVI корта. ДОРЦАН БУЬЙСА

XVI корта. XVI корта. ДОРЦАН БУЬЙСА

 

Цхьа къона йоI йу со,

Хьо цIера дIавоьдуш.

Къанйелла карор йу,