Светлый фон

– Сан ирс делахь, йелла дIаер йу.

Болат дIатийра. Цхьадолчу готтачу корехула чукхета серло кIез-кIезиг лагIлуш, чохь бода хIотта буьйлира. Генадоццуш хезара ловзучу берийн гIовгIанаш. Маьхьаршна йукъахь къестара Мохьмадан шатайпа омране аз. Эсета, цхьаъ бен вац, Аьрзун тIaьхье йу бохуш, шен йоIбIаьрг санна ларвора кIант. Амма Мохьмад ца туьгура ненан буйна верза. Иза аьрха, амма хIуманах кхеташ, хьекъале кхуьура. Ден цIий цa Iара шениг дитина.

Цхьаццанхьара схьахезара зударийн а, божарийн а маьхьарий. Лакха тIехь, шина чуьрте а ваьлла, цхьаъ-м кхайкхош воллура Даси. Бераш цIа кхойкхучу нанойн маьхьарий а хезара. Цхьаболчара хьоьстуш, шолгIачара – кхерамаш туьйсуш, чехош.

Берийн маьхьаршка ладоьгIучу Болатан йуьхь сатийсаме йекхайелира. Ма дика ду-кх хIара Деши берах йолуш! Нагахь лаьцна вигахь, валаза а висахь, итт-пхийтта шо даьлча, цIа вогIур ву иза. ТIаккха цIахь гIеметта хIоьттина кIант карор ву цунна. ДанчIин кIур бoвр бац хIинца…

– Деши, улло йолахьа.

Йезза гIеттина, тIе а йахана, цунна улло охьахиира зуда.

– Ма дика ду-кх хьо иштта йолуш! – элира Болата шен дагахь дерг, цхьана куьйга зуда мара а къевлина.

– Тхойшинга хIун дика хьегийта воллу хьо? – шен бесни Болатан беснех таIийра Дешис. – ХІокху эвлахь жоьра бисинчу зударша хьоьгург ца го хьуна?..

– Кхоьру хьо?

– Кхоьру. Хьох йаьлча, тоха са дац сан…

– Дала собар лур ду.

– Хаац. Цo сoбaр ца лаxь, со дог иккхина лийр-м йу.

Кхехкачу хин тIадам тIебоьжча санна, бесни йагийра Болатан.

– Йуха а йелха йуьйли-кх хьо?

– Caдeтталац, Болат. Хьо лацахь, хьоьца дIайогIур йу со.

– Муха? – гIаддaйнa вeлaвeлира Болат. – Зударийн мeттиг йац Сибрех. Цигахь божаршна а хала ду, боху. Мацалла. Шело. Іaзaп.

– Хирг цхьаьний хир вайшинна.

– Забарш ма йелахь!

– Ас-м забар ца йо. Дуккха а ойланаш йина, ас тIаьххьара а тIеэцна сацам бу иза. Ас хIун до, хьох а йаьлла, цIахь йисина?

– Хьан да-нана ма ду.