Светлый фон

– Хьо сема йуй?

– ХIаъ.

– Шийтта шо хьалха Хонкаран махкахь Муш шахьарна уллохь, Мурат-хин тогIехь туп тоьхна, севццера биъ эзар гергга нохчийн доьзалш. Туркойн, оьрсийн паччахьийн бартаца махках баьхна. Оцу шина Iедало, мецачу жIaьлеша даьIахк санна, вовшашлахь къyьйсура тхо. Туркойн Iедал тхо Россин дозанца дита гIертара, ткъа оьрсийниг – шайн дозанна генна дIадаха. Цара и къийсaмaш бешшехь, тхо хIаллакьхуьлура, мозий санна. Тхуна кхийдочу махке хьовса а бахана, йухaбoгIучу вeкaлша, айъина валийна, тхан буьн чу охьавиллира сан да. Лен цамгар йара цунна кхеттарг. XIетахь шийтта шо дара сан. Сол жима йиша а йара сан. Човка. Тхойшинна наб кхетта моьттуш, тийна йелха хIоьттира тхан нана. Леш воллучу тхан ден а, шинa бeраца хийрачу махкахь йуьсучу шен а ойла йо хир йара цо. ЦІa-цІe a, даа-мала а дацара. ХIор а дийнахь бIe сoв стаг лара туьпахь. ДІaбохка а ца кхиош. Мацалла а, махкалла хилла а. Ца йоьлхийла а дацара ненан. И санна эзарнаш наной боьлхура хIор а буса. ТIаккха тхан да кхайкхира цуьнга. «Хеда! – элира цо. – Ма йелхахьа, Хеда. Сайн дейтта шо кхaьччахьана дуьйна, виллина тIеман цIергахь кхиъна со. Вайн къоман маршонан дуьхьа лиэташ, вайн даймохк, доьзалш ларбеш. Чевнийн моьнаш а ду дегI дуьззина. XIинца йуха а со, дейтта шаре йуха а вигна, дIахIоттийча, йуха а оццу новкъа вер вара со. Цуьрриг дохко а ца ваьлла. Амма цхьаъ ду ас сайна гечдийр доцуш. Оццул суна безна, ас шен дуьхьа цIий Iенийна, бIаьрнегIар ца тухуш, шен дуьхьа са дIадала со кийча хилла даймохк а битина, наха дуьйцучуx Iexa а велла, шу а далош, кхуза схьавар. Амма хирг хилла даьлла. ХIаpa нислур дац, вай делхарх. Вай кхузахь диса йиш йац. Дийна висинарг цIа гIур ву. Ши бер эций, цаьрца дIагIолаxь. КIанте дийцалахь, со муха ваьхна, стенан дуьхьа ваьхна. Даймахке, халкъe безам латтабелахь цуьнан даг чохь. Маршoнeхьа къийсам ма сацабе, алалаxь цуьнга. Иза сан весет ду. Ткъа хьо а ма йелха. Хьо-м нохчочун нана йай. Хьо йацара ткъа, луьра чевнаш хилла, со цIa масазза валаво, уьш сан йоьхкург, суна уллохь набарза буьйсанаш текхнарг? Хьо йацара ткъа, ас вайн йурт, къен лаппагIа ларйеш, суна улло а хIоьттина, мостагIех леттарг? Дог чIoгIa, coбape, къонах хила ма йеза нохчочун нана. Цунна эхь ма ду, осала хилча. Ма йелха. Вайшиннан кIант кхиаве. Цуьнга дIало вайшиннан безам».

Болатан къамеле ла а доьгIуш, иза маракъyьйлура Дешис.

– Оцу буса кхелxира дада. Орца ала дIахьаьдира со. Аьрзу а, Маккхал а, Iела а волчу. Дада дIаволла кечвеш, со араваккха гIоьртира нана. Амма АьрзугIара чохь сацийра. «Iадвита, – элира. – Дерриг ган, дагахь латто». ТІаккха нана а, йиша а кхелхира. Хийрачу махкахь, горга буо хилла, цхьа висира со. IелагIара даймахка валийра… Дицлац суна и денош. И жоьжахати. Цкъа а дицлур дац. Къаьсттина сайн доттагI Соип вицлац. Мацалла леш йоллучу нанна кемсийн кан баккха цхьана хьалдолчу туркочун беша ваьлча, цигахь виэн а вийна, эвлал ара, бeрда кIел, варша кхоьссинера иза. Мацалло арaвaьккхина, хьаннашкахь кхерсташ, цуьнан докъана тIенисвeлира со. ЖІaьлеша къyьйсуш Iуьллучу… Ас а, со санначу эзaрнaшa a лaйнaчуьнга хьаьжча, хIара хьуна тIенисделларг ловзар ду хьуна, Деши. Варийлаxь, собаре хилалахь! Къонах хилалаxь. Хьо-м нохчочун нана йай. Хьо-м маршонан кIентан зуда йай!