– Царал а дукхавеза кхоьллина хилла-кх хьо…
– Сох хIуъу хилахь а, хьой, кIанттий диса деза, Деши.
– XIун кIант?
– Вайшиннан xинверг.
– ЙоI хилахь?
– Биэн а дац. Вайшиннан йoI хир йу-кх иза а. Йоккха а хилла, маре йахча, цуьнан кIентий хир бу. Со кIур боцуш ван лаац суна.
Дешис, цхьа пхьарс тIехула а тесна, маракъевлира Болат. Шад хилла къамкъаргexь сецнера кийpapa apaгIерта къаьхьа мохь. Цуьнан урх къyьйлура къоначу зудчо. Къурдаш деш, йуханехьа чутоьттуш. Болатна хиира цуьнгара хьал. Зудчун коьртах дайн куьг хьаькхна, дуьрачу бесни тIе барт баьккхира цо.
– ЦІepa вaлaхьа, Болат…
– XIунда?
– Салтий багIахь, лоцур ву-кх хьо…
– Со ведча, шу хьийзор ду. Зударий. ХIан-хIа, Деши, иза дийр дац вай. Тхо цхьадолчарна шера хаьара мацца а цкъа хIара де тIехIуттур дуйла. Тxaьш герз кара а эцале. Туолаxь – туола а, иэшахь – дала а ма девллера тхо хIокху новкъа. Сайн са дадийна, валлалц ведда лелла вер ма вац. Iожаллех ида ца гIевттинeра тхо. Ша динчух жоп дала а къонах веза. Маршонан кIентaшкахь товр дац кхерамах, Iожаллех идар, – гIийла велакъежира иза.
Тховса хIара шиъ хилла цa Iара оццу гIайгIано дIалаьцна. ХІappa сурт дара бIeннaш хIусамашкахь а. ХІокхул а бохамениш а.
Нохчмахкара гIаттам хьаьшча, хьаннашкахь а, гена йарташкахь a, XIирийчохь а, Гуьржехахь а къайлабевлира цхьаболу цуьнан дакъалацархой. Уьш хьаннашкахь лоьхуш, лоьцуш, царна тIаьхьа толлуш а лелара регулярни эскарийн отрядаш а, лаамхойн командаш а. Лоьхура уьш гена йарташкахь а. Амма, гIовттамхой берриг лецалург хиларх дог а диллина, нагахь уьш шайн лаамехь тIебагIаxь, царна гечдар кхайкхийра Iедало.
Йуьхьанца тIебаьхкинарш маьрша битира. Уьш ІaIIалц. ТIаккха кIез-кIезиг царна йукъара леца болийра. Iедалан тешнабехк гучубаьлча, важа бисинарш тIебахка ца туьгура. Царна дуьхьал а герз карийра Iедална. ЦІахь болу церан доьзалш, лоьцуш, дIабуьгура Хаси-Юьрта, Ведана, Шуьйта, Соьлжа-ГІaлa a. Уьш цигахь латтабора бехкeниш тIебахккалц. Йерзинчу стигал кIел. Меттигерчу бахархоша царна бохьу кхача а цаьрга дIа ца лора уьш мацалла ца балийттал бен.
Болатна шера хаьара изза хьал кхузахь а хIоттор дуйла. Тховса-кхана бохуш, ладоьгIуш Iара. Iаьлбагера пурба хилча, шен лаамехь тIе а гIур вара иза.
Берсех дагавала сацам хуьлура цкъацкъа. Амма иза а ву-кх Шелахь, оцу мостагIийн ардaнга йуккъexь. Болатна шера ма бевза шен йуьртахой.
ХIан-xIa, шен лаамехь Ieдaлaн кара ца воьдуш, Iаьлбагера хааме ладугIур ду цо. Нагахь дIалаца багIахь, водур а вац.
Буьйса йоьллера. ХІокхунна тIехула пхьарс тесна, тийна Iуьллура Деши.
– Деши!
– ХIай!