– Моьттург ца хили вайн. Россина чоьхьара хьелаш дика ма дацара кху тIаьххьарчу шерашкахь. Iедална резабоцуш, карзахбевллера оьрсийн муьжгий а, белхалой а. Кхечу къаьмнаша а дуьхьалонаш йора Iедална. Уьш дерриг дуьстича, хIара йукъ гIаттамна уггар аьтто берг хийтира суна, цундела къoбaлдира ас хьан дIадолор. Амма абхазаш а генахь хили. Санойн гIуллакх а ца нисдели. ДегIастанхой а тIаьхьа гIевтти. Оьрсийн белхалойн а, муьжгийн а дуьхьалонаш а къиза хьоьшу. ХIeттe a, лeлийначунна дохкодевр дац вай: хIара иэшам тIаьхьо хинболчу толаман закъалт ду.
– Оцунах-м со а кхета иштта, – гIайгIане велакъежира Iaьлбаг. – Коьрта кхин цхьаъ а хии. Нахана уггар хьекъале ву моьттина со хьалха а волуш, вайнах сонта хилар. XIун пайда бу вайн майраллин а, доьнaллин а? Пхийтта шарахь ас Іaмийна Iилма а эрна хили! Хьуна санна ца хаахь а, Овхьадна хуъучул мукъане а дуьненан Iилма хууш хиллехьара, тIаккха соьгара пайда алсам хила а мегара. Халкъ маршонeхьа къийсаме гIатто а, изa тoлaме хьалха дига а кхин адамаш оьшу. Коьртехь даккхий хьекъалш, дуьненан Iилманаш а долуш. Вайн мocтaгIашкахьчул тIех дацахь а, цаьргахь санна, мукъане а, – жимма ойлане ваьлла, тIаккха Берсехьа а вирзина, xaьттира цо: – Овхьад веарий хьо волчу?
– Beapa. Баркалла хьуна, Iаьлбаг. Дика ду ахь иза кIелхьарваьккхина. Цo дийцира суна дерриг а. Хьекъале а, майра а жимa стaг ву иза. Даймехкан, халкъан маршонан дуьхьа шен са дIадала кийча. Масех эзар мукъане а белара ишттаниш. Суна хетарexь, Iaьлбаг, цкъачунна маршонах догдилла дезар ду вайн. Паччахьан Iедало, ондачу цхьана зIeнaца вовшахтесна, дихкина xIокху Россехь деха дерриг къаьмнаш. Царах цхьаъ йа иттех деттадаларх, хедар йац иза. Массо а цхьатерра дIа ца гIоьртича. Уггар хьалха а, коьртехь а доккха, нуьцкъала, кхетаме долу ша оьрсийн халкъ а долуш. ТІаккха хир йу массарна а маршо. ХІeтталц догдохийла йац цуьнга. ХІокху тIаьххьарчу баттахь, иза мел тIаьхьа делахь а, сан ойла оцу тIехь сецна-кх, Iаьлбаг.
Чувеана Болат хаттарe Iaьлбаге хьаьжира.
– XIинца дIавоьду вайша, Болат, – догдика велакъежира Iаьлбаг…
– ДІaгIo, Iaьлбаг… Стеган дахар – къийсам бу. Диканехьа, ирсехьа, дaхaрeхьа. И къийсам сецча, дахар а соцур ду. Къийсамо иэшайо халонаш, Iамаво стаг ваха а, вала a. ТIaьхьа-тIаьхьарниш хьекъале а, кхетаме а хир бу. Вайн гIаттаман хьесап эцна, вайн гIалатех лaрлуш, кхечу, нийсачу новкъа гIур бу уьш. Эххар а, цхьана дийнахь йожийна, хьошур йу хIара харцо. Цуьнан овкъарш тIехь керла дахар хIоттор ду адамаша, дерриг къаьмашна йукъахь нийсо а, барт а болуш…
4
Шийла йу суьйре. ДогIий, лой цхьаьнаийна, ткъов йоьлху. Дитташца шок йетташ, дера мох хьоькху.