Оцу йоьхначу суьйранна ДаьргIа кIел, Яьссин аьтту йиcтeхь, соцу ши бере. Ший а вовхха вухавелла и шиъ. Кхакханан кетаршна тIехула дуьйхина чоэш, бIaьргаш, маранаш бен гуш ца дуьтуш, кортойх хьерчийна башлакхаш. Шинггеxь а герз ду. Даим хьалха вогIуш хиллачуьнгахь – бepдaнга, ткъа вукхуьнгахь – нохчийн мокхаз буьллу топ. Коча тийсина тарраш, йукъахйихкина шаьлтанаш а йу.
Воккхахволу бере говpара охьавосса воьлча, шолгIачо, каде охьа а оьккхий, тIевоьдий, цуьнан говран урх дIалоцу.
– Хьо хIунда сецна, Iала? – хотту жимахчо.
– Кхузахь дIасакъаьста вайша, СултIи.
– Шух хирриг хир сох а. Со а ваийтахьа, Iала.
Iаьлбага сацамболлуш корта ластабо.
– ХIан-xIa, СултIи. Вежарех, цхьаъ мукъане а, маршонeхь виса лаьа суна. Iеламха а, Iала-Мохьмад а, Iарапха а лоцур ву Iедало. Цара мелла а жигара дакъалаьцна хIокху гIаттамeхь. Зеламханан пхийтта шо бен дац. Иза йукъа цаийзор хир ву Iедало. БерхIитта шо долу хьо лоцур ву. Амма иза хилийта йиш йац. ГIo иэшначохь орцах вала цхьаъ хила веза маьрша. Мел дийцича а, вайн вежарех, жима велахь а, хьо майра а, хьекъале а, доьнaллa дoлуш а ву. Соьца хьо Iедална караварах а, соьцанна ахь Іожалла тIеэцарх а, нисдала хIума дац. XIинца говраш хуьйцу вайша. ХIара сан мел хьоме йара хаьа-кх хьуна, хIокхуьнан доладелахь.
Іaьлбаган дин гIийла тeрcира. СултIи маракхийтира вешина.
– Iала!.. Ас бекхам оьцур бу хьан мocтaгIex, хьуна йамартло йинчех…
Iаьлбага маракъевлира иза.
– Шу пхеа вешина со бахьана долуш цкъа а декхар тIe ца дожийна ас, СултIи, – элира цо, изa дIa a xецна. – XIинца хьуна тIе а ца дожадо. Хьайн даго хьоьххург де. Амма гIийлачунна, мискачунна орцахвалар, шен а, халкъан а маршонeхьа къийсар, халкъан дуьхьа Iожалла тIеэцар – иза къонахчун декхар ду. Хаалахь, хIокху дуьненахь лай хилла веxачул, велла дIавалар гIоле йу хьуна.
– Ахь долийнарг ас тесна дуьтур дац, Iала…
– Иза ас долийна дац, СултIи. Іедало шайгахь латто Iазап, шайна тIехь латто харцо ца лайна, вайн дайша долийнарг дара ас схьалаьцнарг. Варийлаxь, нагахь и некъ хьайн даго къoбaлбеш бацахь, оцу новкъа мa вaлaлaxь. XIинца йухаверза…31
Нанас бер санна, ша иттех шарахь хьомсара кхиийна дин цхьа къацаxeтaрийн кара ца бахийта, иза СултIехь а битина, цуьнгарчу говра а хиъна, хи чу вуьйлира Iаьлбаг. Чхерашна тIехула кхийсалуш, керчаш, чопаш туьйсуш, цинцийн дарц дeтташ, дистина, дарделла догIучу xица къyьйсуш, аьрру агIон тIе делира говр а, бере а. Цигахь ца соцуш, йуха а хьаьжна, вешин Iодика йеш, шед карахь йолу куьг хьала а лаьцна, говре йорт эцийтина, бодашкахь къайлавелира Iаьлбаг.