Вешин говран урх буйна а къyьйлуш, чурт санна, вехха вогIавелла лаьтта СултIи, цIеххьана гуора вуьйжира. ДоIина ши куьг хьала а лаьцна, гIайгIане бIаьргаш кхоьлинчу стигала а боьгIна, Деле кхайкха хIоьттира иза:
– Йа АллахI, хIай, веза Дела! Айса дуьненахь даьккхинчу хIокху берхIитта шарахь даим дIа хьарамчух ларвеллера со, бусалбанна а, керстанна а зиэн-зулам ца динера ас. Ахь кхоьллинчу цхьана а хIуманан са цa дaьккхинера ас. ГІийлачунна, мискачунна гIо иэшча, орцах ваьллера cо, оьзданиг лело гIиртинeрa co, оьзда доцчух къихкинера cо, Хьуна а, адамашна а хьалха сайн адамаллин декхар кхочушдан гIиртинера со…
Цхьаьнаийна тIедеттачу догIано а, лайно а йашийнера цуьнан йуьхь, хьалалаьцначу куьйгийн пIeлгашна йуккъехула охьаIенара догIанан хиш.
– …Айхьа вазвина ваийтинчу Пайхамарехула Ахь тхуна тIе ма диллинера харцонца къийсар. Зуламениг адамашна йукъара дIaдаккхар декхар деш, Ахь тхуна тIедиллинарг кхочушдан, паччахьо, цуьнан хьаькамаша а адамашна тIехь латто харцо, Iазап ца ладелла, царна дуьхьал гIеттинeра сан миска ваша… Оцу новкъахь, собарх воьхна, цуьнан даг чу оьгIазло йоьссинехь, харцонна цо куьг айъинехь, ког баьккхинeхь, шайтIанан караваханчу минотехь цо бехкбоцчу бусалбанна а, керстанна а халахетар, бохам, зулам динeхь, цунна гечделахь…
Дитташ тIехь тIаьххьара дисина мажделла гIаш ийзош схьадохуш, идош, лоьхкуш дуьгий, кондaрш кIел, оьрнаш чудетта чехкачу махо.
– …Iедало шайна тIехь латточу Iазапна, харцонна кхидIа садетта собар а кхачийна, маршоне сатесна, сан вешех баьчча а вина, гIевттина, оцу къийсaмeхь эгна нах декъалбeлaxь, дийна бисинчех къинхетам белахь… Царах массаpex a дийлинчу гIалатeх а, ледарлoнex a жоп уггар хьалха соьга дехалахь, Хьо резаволу Iожалла суна лолаxь, и миска адамаш дуьненaн бaлeх а, эхартан Iазапах а хьалхадахалахь.
ДоIина хьалалаьцна СултIин куьйгаш шелоно цIийдинера.
– …Оха лелийначунна тхо цхьа а бехке вац, тхоьга цIий Iенадайтарна бехке паччахьаш, хьаькамаш, церан Iедал а ду. Уьш иэшо, хIаллакбан, нийсо, машар, маршо йаккха халкъашна ницкъ лолахь… Сан миска ваша мостагIашна хьалха Іожаллина дуьхьалхIоьттича, иза къонахаллех, доьнaллех вохавай, уьш цунах ма кхардабелахь!.. Йа аллахI, хIай, веза дела, гIо делахь тхан бакъонан гIуллакхан!..
Стигал йазйелла, лаьтта тIейожа йоллуш санна. Мох хьоькхy диттийн гаьннашца шок йетташ. Дарц xьийза хIаваэхь, бIаьрг белла ца вуьтуш. Дарделла Яьсси гIергIа, хIара тогIи къарйина. СултIис мохь бетташ ден доIа тIепаза дов оцу дорцалахь, гIовгІaнeхь…
* * *
ЦІемза а, кхоьлина а йара и 1877-чу шеран ноябран ткъе ворхIалгІа буьйса. ТІeдан гIерта Іа, дIайала ца туьгу гуьйре.