Светлый фон

– Iелин ши накъост веана Гуьржехара.

Ахьмадан дегIах шийла хьацар туьйхира.

– Iела вуй цаьрца?

– Вац…

– ХIунда?

– Ву… Амма цигахь вийна, цIа валийна. Кхузахь салтий бу аьлла, хезча, Саьмби-КIотарахь цуьнан дакъа а дитина, даьхкина тхо. Iусмане хаийтина а дац.

ХIетта ша царна чуьра схьайаьккхина тIеда къаж йуха чу а таIийна, мачаш кога а йуьйхина, гIорийначуьра йасталуш, ладарш Iийдалуш кхозу кетар тIе а кхоьллина, месала куй а тиллина, вист ца хуьлуш хьалхавелира Ахьмад.

Ахьмад неIарх чоьхьаваьлча, хьалаиккхира ши хьаша. Царах цхьаъ Iаьржа корта а, хаза хьовзийна Iаьржа мекхаш а долуш, дукъ тIедаьлла мара а болуш, Iусманан хеннара стаг вара. Ткъа воккхо ала мегар долуш, хIетта сирйала йоьлла хьаьрса маж а, хье тIера тила боьлла корта а, къинхетаме сийна ши бIaьpг а болуш, лекхочу дегIара стаг оьрси вара. Салам луш тIеваханчу Ахьмада, куьйгаш а лоцуш, роггIана маракъевлира и шиъ, цаьрца волу нохчо а.

– ХIара Петр Егоров ву, – элира Iаьржачо. – Ткъа со Николаз Беридзе ву.

– Iаламат дика хета суна шу сайна девзина. Iелас дукха дийцина тхуна шух лаьцна. ДIа дош мосазза олу, шун цIерш йохура. Охьаховшал.

Хьешашка хьал-де а хаьттина, тIаккха Iусманна тIевирзира Ахьмад.

– ХIума йиъний кхара?

– Жимма кхетта.

– Дика ду. Дийцал, хьеший, муха хилира гIуллакх?

Хьеший, боьхна, вовшашка хьаьвсира. Цецвелира Iусман а.

– ХIумма а дац, кIентий, дохий ма хьийза. Суна хаьа шуьшиъ лаа ца веаний. Схьаала шаьш деанарг, баланаш Iийша Iемина ду тхо.

«Ахь дийцахьа», – бIаьргашца дехар деш, Петрога хьаьжира Николаз. Ткъа Петрон меттиг бацара кхечунна тIетатта.

– Хаьа тхуна, Ахьмад, адамашка ца лабалла баккхий баланаш аш Iийшиний, муьлххачу а бохамана сатоха шуьгахь собар а, къонахалла а йуйла. Цундела майрра олу ас: Iела воцуш ву…

И шийла кхаъ шена тIе хьалххе кхаьчнехь а, Ахьмадан йуьхьо бос хийцира, цIоцкъамаш дусаделира. Цунна гира Iусманан бIаьргаш тIунлуш. БIаьрнегIар тухучу йукъана ша дIатесна къонахалла йуха а йерзийна, гIовталан кочара ветанаш дIа а даьхна, Iусмане вистхилира иза:

– Къонах хила, Iycмaн, къонах. Иштта киртигаш йу дуьненан. Хийланна тIехIиттина уьш. Амма собар хила деза. Хьан ден, цуьнан нийсаройн – тхан а, тхешан дай, вежарий тIамехь эгча, бIаьргех хин тIадам ца баьлла. Ма Iийжара дегнаш, ма хала дара дейтта-пхийтта шераш бен хенаш йоцчу тхуна и бохамаш лан. Делхарх нисдала хIума дацара. Царах дисина герз кара а оьций, церан метта дIахIуьттура. Иштта хила деза шу а, Iycман. Дийцал, Петро…