Светлый фон

– Iусман, тхо кхета хьуна xьaн дагах, – бoxypa Петрос. – Дог Iовжош хIума ду да-нана далар, и къахьо ас а мелла. Амма сан да шозза вели, Iусман. Миска Iела хьан да хилла ца Iapa, хьуначул а чIогIа везарий-те аьлла, дукхавезара тхуна иза. Цундела боху ас, сан да шозза велла: со шен цIийх схьаваьлларг а, и санна, ас сайн да лийрина, везаш хилла Iела а. Каторгехь цо шен дахаран некъ буьйцуш, бIаьргех хи туьйсуш, ладоьгIура накъосташа. Цуьнан хьуьнаро, оьздангалло, собаро ницкъ лора тхуна халонаш эшо, къийсамехь майрра хьалха дIадаха. Иза вуьззина турпал вара. Гуьржеха тхо долчу кхечира иза, цигахь цхьана масех йуьртара ахархой Iедална дуьхьал гIевттинчу хьола тIе. Цигахь тIом хилира. Дукха гIиртира тхо оцу тIамехь тхайца цуьнга дакъа ца лацийта, тIом болабалале иза цигара цIа хьажо. Амма цо ла ца дуьйгIира тхоьга. «Сан бакъо йац шух дIакъаста, – элира цо. – ДоттагIий бохамехь дIа ца туьйсу къонахчо». Массо хенахь массанхьа а тхоьца вара иза. Адам цецдоккхура цуьнан майралло, собаро, тIеман говзалло. Амма майра, каде, собаре хиларх лоцу къизачу дIаьндарго. Ши кIира хьалха, тхо Хевсуретехь лаьмнашка йухадовлуш, тхуна тIаьхьабаьхначу гIалагIазкхийн тоьпийн дIаьндарго некхах чIогIа чов йира цунна…

Шен къамел а сацийна, Iусмане хи дийхира Петрос. Шега кховдийнчу кхийран доккхачу зоки чуьра хи, са ца доIуш, лаххьийна дIа а мелла, балдех йовлакх а хьаькхна, кхидIа дуьйцура цо:

– Чов хиллачул тIаьхьа кхаа дийнахь вехира иза. Оцу йерриг хенахь, шен дегIа чуьра са дIадаллалц кхетамчохь вара. Цо тхойшинга дийхира шена тIе нохчийн молла кхачор а, нагахь санна цигахь шен Iожалла хилахь, шен дакъа винчу йуьрта дIадахьар а. Цуьнан дехар кхочушдеш, оха Хевсуретин дозанерчу цхьана йуьртара молла валийра. Цуьнца цига веара хIинца тхоьца волу xIapa Муса а. Лечу хенахь, шун динехь, гIиллакхехь дан дезарг дерриг дира. ТIаккха оцу нохчийн йуьрта а вигна, цигахь кечвина, оха кхааммо цIа валийна. Шун йуьртахь салтий бу аьлла хезча, иза луларчу кIотарахь а витина, схьадаьхкина тхо. ТIаккха xIapa кехат а дитина цо, шуьга дIaлo аьлла.

Костюман чухуларчу кисанара схьадаьккхина сийна конверт Ахьмаде кховдийра Петрос.

– Баркалла шуна. Дела реза хуьлда. Инзаре доккха гIуллакх ду аш динарг.

Конверт карахь дIaca а хьийзош, шен ши бIаьрг цунна тIе а боьгIна, цIеххьана дIатийра Ахьмад. ЧIогIа цергаш тIеттIа а таIийна, цо сихдина до къурдаш гира Николазана. Амма бIаьргаш декъа лаьттара. Атталла бIаьрнегIар а ца тухура. Николазана ца хаьара иза ойла йеш Ia а, йа шаьш беанчу шийлачу кхоо Iовжийна дог йухадерзийта гIерта а.