Светлый фон

– Маржа, Iела, йаI, ма къиза дуьне диъна ваха-кх хьо Далла дуьхьал, – элира цо эххар а, доккха са а даьккхина. – Ца биси-кх кху дуьненахь хьуна ца гуш, ахь ца Iовшуш а бала. Дала гечдойла-кх хьуна а, хьуна тIаьхьадогIур долчу тхуна а. Iусман, Делан кхел хилла йаьлла. Да-нана цкъа бен леш дац. Амма оцу шина дийнан къахьо Iовшаза цхьа а ца волу. Iела йухавогIур вац. Вай доха ца деза, вайгахь собар оьшу, къаьсттана кху чолхечу заманахь. Iуьйранна хьалххе лула йарташка нах бахийта xIapa гIуллакх хаийта. Тезет хIотто меттиг кечйан а йеза. Каш даккха, дIаволла кечам бан а беза. ГIуллакхаш дукха ду. Вохий ма хьийза. Цхьаъ вахийтий, Овхьад сихха схьакхайкха. Вайна-м хьеший шина-кхаа дийнахь кхузахь бита луур дара, делахь а йуьртахь салтий болуш иза кхераме ду. Цундела хIорш новкъа а бохуш, тховссехь велларг цIа вало даха деза вай. Амма хIорш новкъа бахале цкъа Iелин кехат тIехь хIун ду, хьовса деза. Хьуна хIун хета, Iусман?

– Иштта бакъахьа ду.

– Делахь хIета вайн бартах кхетаве и шиъ.

Шаьшшиннан бартах хьеший кхето гIерташ, дикка къахьийгира Iусмана. И шиъ тховссехьа йуьртара дIавала везийла а атта хаийтира цо, ткъа бахьанаш дийца воьлча, хьевелира.

– Тхоьша кхета дерригенах а, – сацийра иза Петрос. – Амма Iела дIаволлалц дIаваха пурба дац тхойшиннан. Iелас гечдийр дац…

– Иза дийца а ца оьшу. Шуьшиъ висарх тхуна хила аьтто бац, амма шуьшинна цхьаъ хилахь, тхаьш дуьненахь мел деха дагахьбаллам хир бу тхуна.

Оцу минотехь схьакхечира Овхьад. Хилларг цуьнга дийцинера иза вало ваханчо.

Сийна конверт схьа а даьстина, цу чуьра схьадаьккхина Iаьрбийн, оьрсийн меттанашкахь йаздина ши кехат Овхьаде делира Ахьмада.

– Дешал, Овхьад.

Массарна хозуьйтуш, кехат деша волавелира Овхьад:

«Iожалла тIаьхьа а хIоьттина лелаш хиларна, хьалххе хIapa весетан кехат йаздо ас. Суна хаьа, нагахь кхузахь сан Iожалла хилахь, сан лаам кхочуш а бина, накъосташа со винчу йуьрта валор вуйла. Шуьга ду xIapa весет, сан вежарий, кIентий.

Цкъа а молханан кIуьран хьожа а йаккхаза болу xIoкху масех йуьртара ахархой, цхьаьна а кхетта, паччахьан эскарех леташ эга боьлча, церан могIаршка ца хIоьттича, ца Iевелира со. Iийча, эхь дара суна.

Со леташ ву. Лета вайн а, вайн накъостийн а йукъарчу мостагIех, вайн массеран а маршонан дуьхьа. Хаац суна, со тховса лер а, кхана лер а. ХIумма а дац, дийнахь-бусий бIозза велча а! Ишттачу адамашна йуккъехь, ишттачу къийсамехь Iожалла тIеэцар ловзар ду!

Ахьмад, сан бераш! Со эвлайаъ вац хиндерг хаа, амма суна цхьаъ хаьа: мацца йагIахь а, цкъа ирсе зама йогIург хилар. Хаьа, оцу заманахь къаьмнаш, цхьана доьзалехь санна, вовшашца мерза, цхьабарт болуш дехарг хилар. Ткъа барт болчу доьзалера ийман-беркат, токхо, ирс цкъа а ца хеда. ИншааллахI! Цу Дала мукъалахь, оцу заманахь дехар ду вайн бераш, церан бераш… Иза боху соьга большевикаша, ткъа уьш догдика, къинхетаме майра адамаш ду, нехан ирсан дуьхьа муьлхха а халонаш лан, шайн синош дIадала чIагIо йина. Уьш иштта хиларх со тешна, хIунда аьлча цаьрца бу ас дуккха а халонашкахь, бохамашкахь зийна, даим суна тешаме хилла Петр, Николаз, Михаил, Датико, Кирилл, кхин дуккха а.