1
Хорачан хьехара кIелхьарваьлла Зеламха, цIе йаккха цхьа а доккха тIелатар ца деш, дIатийнера. Кегий талораш деш меттигаш хуьлура областехь, амма уьш теллича, Зеламха церан декъашхо ца каравора. Ткъа инарла Михеевна, областехь муьлхха зулам хилча а, цигахь Зеламхин куьг гора.
Зеламха хьехара веддачул тIаьхьа Ведана а, Соьлжа-ГIала а округашкарчу цхьамогIа йарташна таIзарш дира Михеевс. Зеламхин гергарчу нахах а, иза чувитина аьлла хаам хиллачу йарташкара а бIе шовзткъе итт стаг, лаьцна, Сибрех вахийтира. Зеламхица уьйр йу боху ворхI шайх шайн доьзалшца пхеа шарна Калуге, Астрахане ссылке бахийтира. Царах коьртаниг, Баматгери-Хьаьжа, Калугехь дIакхелхина, гергарчара цIа а валийна, цуьнан йуьртахь Эвтарахь дIавоьллира.
Минусинскехь ссылкехь хилла Зеламхин доьзал а хIокху аьхка цIа балийна. ГIараваьллачу нохчийн адвоката Мутушов Ахьматхана гIайгIа бина иза цIа берзош. Пачхьалкхан Думан депутаташкахула а, юстицин министрехула а. Хорачахь-м хьовха, муьлххачу нохчийн йуьртахь бахар а дихкина Зеламхин доьзална. Соьлжа-ГIалахь, нохчийн цхьана совдегаран Мурзаевн цIеношкахь сацийна, гонаха доккха ха а хIоттийна.
Зеламхин доьзал ссылкера цIа берзорна дуьхьал вацара Михеев. Зеламхас кхерамаш туьйсуш, къамкъарг лаьцнера цуьнан. Чермой ломахь кIело йина некъийн инженераш а, царна ха деш хилла дегIастанхойн дошлой а цо байъичахьана, кхоьруш, синтем байна, дуьне гатделлера цунна. TIе, доьзал Сибрех бахийтича а, шайхаш ссылке бахийтича а, цхьа гIулч а йуха ца велира Зеламха. Мелхо а, дарвелла, карзахваьллера. Доьзал йийсаре бигначул тIаьхьа Iассан тIай тIехь а, Чермой ломахь а дира цо шен гIарадевлла тIелатарш. Цхьа минот йисира цо Соьлжа-ГIалара банк а, йармарка а ца талош. ТIаккха Хорачара хьех… Зеламха дийна мел ву, Теркан областехь машар, синтем хирг хиларх догдиллинера цо.
Бакъду, хьалха санна, хIинца кхераме вацара Зеламха. Обарган цIе йоьжнера цуьнан хьалкъана хьалха. Итт шарахь цуьнца хиллачу майрачу обаргех цхьа а ца висинера. Цхьаберш, лецна, Сибрех бахийтина, хан токхуш бара. Кхиберш таIзарийн отрядаша а, чIирхоша а байъинера. Шен гIеране керла накъостий тIеэца кхоьрура Зеамха. Ца тешара. Итт шарахь цуьнан гIеранехь хилларш шатайпа разбойникаш бара. Каторгера бевддарш. Нах байъина, мостагIалла тIехь дерш а. Iедална хьалха бехке хилла бевддарш а. Машаречу дахаре йуханехьа некъ боцурш. Уьш а тIеоьцура цо Iаламат чIогIа, лерина, церан дахар толлий. Накъостех тешара Зеламха. Церан дахарехь кхин некъ цахиларна. Маьршачу дахаре йухабирзича, Iедало йа ирхъухкур бара уьш, йа ткъех шарна каторге бохуьйтур бара. Ткъа стаг вийна обарг бевллачарна тIаьхьатоллуш чIирхой а хуьлура.