Светлый фон

ШолгIачу дийнахь Iела дIa а воьллина, нах кешнашкара арабевлча, Iусман царнa тIаьхьа цIа а хьажийна, ша Iелин коша уллохь сецира Ахьмад.

«ХIан-xIa, Ахьмад, хьо вогIур вац соьца, – кошан борза тIе куьг а хьоькхуш, Iелин тIаьххьара дешнаш дагалоьцура цо. – Хьо кхузахь оьшур ву. Дарц дала герга ду, буьрса дарц. Буьрса дарц, мох баьлча, къоначу диттийн хьун таьIа, царна йуккъехь Iаламан ницкъо дахчийна къена, зоьртала пепнаш, нежнаш ца хилча. Хьой, сой саннарш хила беза, къомана тIе бохам беача…».

Каде хьалагIеттина, къена Ахьмад, шаьлтанан макъара тIе ка а диллина, майра ши бIаьрг лаьмнашца а кхарстийна, ондда гIулч йоккхуш, оцу буьрсачу дорцана дуьхьал накъосташна тIаьхьа йуьрта волавелира…

 

***

Соипан бертаза, иза шена тIаьхьара дIаваьккхира Зеламхас. Иза накъост воцуш вуьтур вац ша бохуш, Зеламхица виса гIерташ, чIогIа дуьхьало йира Соипа. Амма Зеламхас ца витира иза шеца. Йа Бетарсолта а, йа Жамаьлда а. Зеламхина хаьара Iедало шена тIаьхьабаьхна къайлах агенташ хилар. Цхьацца йартийн йуьртдай а, шен чIирхой а. Ткъа и йуьртдай а, агенташ а муьлш бу, ца хаьара. Цхьанхьа шена йамартло, тешнабехк бийр буйла хууш, шеца накъост ца вуьтура цо. Ша цхьаъ хилча, къайлехь латта атта хетара.

Соип цIа вирзина бутт сов хан йара. Амма цкъацкъа денна-буьйсанна араволий, мича вахана а ца хууш лелий вогIура.

Зеламха цомгаш ву бохуш, хезнера Овхьадана. Ткъа цуьнгара хьал ца хаьара. Овхьад шеквара Соип иза волчу воьдуш хиларх. Кешнийн кертара арадевлча, Соип шена улло нисвелча, цуьнца къамеле велира Овхьад.

– Деши хIун деш йу? Могаш йуй иза?

– Могаш, дика йу. Хьо ганза хан йаьлла, хIун деш ву-те иза олий, хотту цо а.

– Делахьа, даим иза ган хан йуьллуш, ледарлонна ца вогIуш Iа со. Зеламхера хьал хаьий хьуна? – цIеххьана хаьттира цо.

Соип цатешаме дIахьаьжира цуьнга.

– Ца хаьа суна.

– Сох ца теша хьо?

– ХIунда ца теша? Сан ден уггар тешаме доттагI ма хилла хьо. Бутт сов хан йу со Зеламхех дIакъаьстина. Иза мичахь ву, ца хаьа суна.

– Накъосташкахула хIумма а ца хезна хьуна?

– Зеламха цомгаш ву, олу цара.

– Хьал муха ду-те цуьнгара?

– Кхераме дац, олу.

Овхьада кхидIа хаттарш ца дира. Соип йа тIе ца кхочура Зеламхина, йа, тIекхочуш хиллехь а, дийца ца лаьара…