Светлый фон

— Мила вара иза?

— Вийца бакъо йац!.. Цхьа боьха хIума йар-кха, лаьцначуьра схьахецна… хьена бIаьргаш а, цхьа а хорма йоцу аьшпе бат а йолуш, шуьйрра куьйгаш а лестош.

Керимна цу сохьта вевзира иза: сурт нийса диллинера, амма и шена вевзинийла ца хаийтира Керима.

— Оцу тешо хIун дира хаьий хьуна, оцу веанна бIе шо хан туху кхиэл дIакхайкхийча? Вилхира — кх оцу чохь. Суна хийтира тIаккха: «Эхь даний кхуьнан, ша динчу харц тешаллина дохковаьлла, воьлху хир ву-кх».

Ас хаьттира: «Хьо хIунда воьлху?» Цо хIун элира, хаьий хьуна? — «Со воьлху, шен хеннахь аш Iopa а баьхна, хIорш совцийна бацахьара, мел доккха зулам долуш хиллера кхарех вайн пачхьалкхана, аьлла, дагадеъна».. Муха хета хьуна и къутIа?

— Вукхара хIун дора?

— Эсала Iapa… Царех воккхаха волчу молла Бауддис хоьттура: шайна тIехь йеш йолу суд къайллаха хIунда йо?.. Кхиэл кхайкхийча, белакъежна, вовшашка а хьаьвсина, веаммо а чохь доIанаш дира… Хаьа суна: царна хан тоьхнарг Сталин ву, со вац, амма царна и ца тухуш, суо ца вейтар — и бехк-м бу сан… Цундела, суо а боьха хета суна… Чу ца вахалуш, кху арахь со дIасалела сахьт а сов ду-кх, хьуна, сайн цIенчу жимачу йоIана хьалха а, со тешаме стаг лоручу, зудчунна дуьхьал а хIотта сайн йуьхь ца хеташ, — элира Венкина. — Со къонах цахиларан мах и бу-кх!..

— Къонахий дукха ца беха, олуш ду тхан. Бакъду, сий лардеш вала а кийча волчех со суо а хета суна. Делахь а, цара, хьо бахьанехь, хьан хьайн са хилла ца Iаш, хIаллакдан дагалаьцнарг, хьан вешин а, зудчун а, беран а дахар хилча, хала киртиг ма-хилла хьуна тIехIоьттинарг! Цара и дийр а дара-кх, хьуна, — Венкинан дог ийцира Керима.

— Чудуьйлийша, арахь а ца лаьтташ! — корах йистхилира Венкинан зуда.

— Валохьа соьца. Чай мер ду вайшимма.

— ХIинца ца вогIу. Баркалла… Шек ма вала. Iодика йойла. Гур ду вайна! — аьлла, Керим цIа вахара.

 

* * *

ЦIахь дерриг а дийцира цо Кесире.

— Цунах-м ларлуш хила веза! — элира Кесирас Тойсумах лаьцна.

— ВаллахI, ца веза! Мелхо а, нахана а, шена а дIа а хоуьйтуш, дIалалла веза-кх йуххера генна! — элира Керима.

 

***

Кхин а ши кIира даьлча, КеримгIеран хIусаман неI туьйхира. Корах дIа хьажча, неIарехь лаьттарг Тойсум вара.

ОьгIазе неIарехьа волавелира Керим: