Тавсолтин болх-м, иштта бах а ца лора. Тахана а хьалххе ваьлла парггIатчу боларехь вухавогIура иза. Гуьйренан де мело деанера. Колхозан правленига нисвелча, гIовгIa хезира. Чувирзира.
— И хIун ду? — хаьттира цо неIаре гIертачу къеначу казахе.
— Лулара «Интымак» колхоз вайчух туху. Цигарнаш а бу баьхкина.
— A-а… — кхийтира Тавсолта, — и дийр ду бохуш, хезнера.
Ший а, чу ца волуш, сени чохь ладоьгIуш лаьттара. Цхьанакхеттачу правленис сацийра: вовшахтоьхна йоккхайинчу колхозан цIе «Джамбул» йитар. ТIаккха дийцира тIейогIучу бIаьста кхин ши бIе гектар байлаттанаш ахарх лаьцна.
Ирахь латта кIордийна, Тавсолта неIарх чухьаьжира. Къамел дан хьалагIаьттира Нурседа. Да неIарал арахьа сецира, йоI къамелах ца йохо.
— ХIинца ши колхоз вовшахтоьхча, вайн декхарш кхузза совдовлу. Шиннах цхьаъ йан а ца оьшура, цунах пайда шозза бен ца балахьара. Вайн даьхни дебор кхузза алсамдаккха деза. Докъар кечдаран план дикка лакхайала декхар ду. Ас цхьа гIуллакх тадо вайна, докъар кечдаран бригада стам а йина, цуьнан план кхузза сов йаккхар а, тIе, цу бригадина и докъаран йалташ дер тIедиллар а. Газеташа а тадо, Украинехь, Кавказехь санна, алссам хьаьжкIаш йер. Уьш докъарна а тоьлу. Оцу байн латтанех, мекхана хьажийнчун эха тIехь а, мекхан меттана, хьаьжкIаш йен йеза!
Чохь гIовгIа йелира. Нурседа охьахиира. Аскеровс дуьхьало йира:
— Мукх хьалххе дуьйна карабирзина… и тхан латтанаш тIехь зеделла йалта ду. Дика хьекъа иза xIop шарахь а. Дохнана дика докъар а долу цунах. ХьаьжкIаш кхузахь муха хир хаац. Мелхо а, вай декхарийлахь ду мукх буьйн меттигаш кхин а шорйан. Оцо бен вайн докъаран бух кхачамболлуш чIагIбийр бац…
— Ткъа хьуна хаьий, иза-х радиос а дуьйцу! Цхьана гектара тIера хьаьжкIаш буьртигахь оьзча, мекхал шозза а, цкъацца кхузза а сов хуьлийла? — ша Iаччуьра йукъакхоьссира Нурседас.
Хьажайуккъе шад а хIоттийна, Аскеров чугIоьртира:
— Тхан латтанаш тIехь ца хуьлу иштта… xIapa Украина а, йа…, хьуна ма-хаъара, Кавказ а йац!
Нурседина хаьара, ша хIинца йистхилахь, дов хир дуйла. Цо собаре элира:
— Докъарх жоп лучу хьуна-х хаа ма дезара и.
— Хьо йара тхуна хьехаза йиснарг!.. «Радиос дуьйцу»… Латта довза деза цкъа хьалха!.. Лакхайала гIерта хир йу хьо… «Новатор»!
— Вайн колхозан гIуллакх лакхадалийта-м гIерта… цхьаболчу «лакхарчийн» хIуьттаренна! — ца Iиелира Нурседа.
— ТIехйаьлла хьо хIинца!
— ХIинца бен тIе а ца кхаьчна… коьрта долчунна! Правленис къастор ду! — Нурседа тешна йара ша бохург нийса хиларх.
— ЧIогIа хьаьжкIаш дагайоьхна-кх хIокхунна! — эккхийтира цхьамма.
— Ца кхета хьо? Ша гайта гIертий и-м, хIинца хьаьжкIийн «мода» йолу дела, — бIаьца йира Аскеровс накъосте.