— Ваха веза!.. Цомгуш а ву… Кост а ду… Ваха веза!.. — тадира Тавсолтас.
Бакар волчу воьдуш, новкъахь Керима ойла йора: «ХIинца, мукъна, дийцахьара»… — йуха а дагахь дерг «1937-гIа шо» дара… цуьнан къайленаш…
Керимна цIеххьана шех эхь хийтира: «Иза вала воьжна, хIинца цомгуш Iуьллуш, меттахь ву… Ткъа со… и, валале аьлла, цуьнгара сайна «интервью» йаккха гIерташ воллу… къахетаран метта», — шена резавацаре корта ластийра Керима. Амма дагалаьцнарг дIа ца довра: «Делахь а, бакъдерг ма-дарра хаа лаар иштта къинехь а ма дац сан… Цо хIун до и къайле шеца дIайехьна?.. Бакъдерг даха бухадисчахь, бакъахьа ма ду массеран а дуьхьа»…
НеI тоьхна, чоьхьавелира:
— Ассалам Iалайкум, Бакар! Дала маршалла дойла хьуна… Ахь кхайкхина, бахара, соьга… Муха ву хьо? — куьг а лецира.
— Ва Iалайкум салам, Керим! Тоьуш ву со-м… Баркалла варна… Цхьа кост дара сан… Хьо цIаваха кечвелла бохуш, хезнера суна… Охьахаал кхуза…
Керим веъна, самукъадаьлла Бакар шен доцчу денца меттахь охьахиира, амма хьала ца гIаттавелира:
— Бехк ма биллалахь, Керим: гIopa дац…
Иза охьахиъча, серлонгахьа йирзинчу цуьнан йуьхьах бIаьрг кхетча, Керимна гира и мел хийцавелла: азделла бIаьргнегIарш, тIехулара дуткъий пхенаш а гуш, бIаран баса дахна можа дара, чукхетта беснеш макхйеллера, йокъа хенахь латта санна, тохара дуькъа Iаьржа хилла мекхаш хIинца тIехулара Iаьржа, амма орамашкахьа кIайн гора. «Миска, къанвелла: басар дан карах ца долу… Лергашкара чоьш а ду, ларгаза дисна, гуш… Дарехь кIелвисна»… — къахийтира цунах Керимна.
— Хьулимат! Схьайал хьуьлла этажерки тIера можа папка!..
— ХIинцца! — хьаша веъча, маса хьаьвзинчу зудчо, стол йуххе а хилийна, хьалха диллира чай, хьокхам, нехчий, кхерзина хIоашший. — Цкъа хьалха йуучух кхетал шу, — хьасене йелакъежира Хьулимат.
Папка Бакарна хьалхха охьайиллира.
— Керим, сан дехар ду хьоьга, хьуо Грозный-гIала дIа ма-кхеччи, xIapa папка кху адресца дIайалар.
— Цуьнан йишига, — йелакъежира Хьулимат.
— Муха? Кху тIехь-м: «Людмиле Павловне Сурупиной» ма ду.
— Делахь а… бакъ лоь и, — зудчуьнгахьа, велакъежна, дайн куьг ластийра Бакара — «йукъа а ца гIерташ, IадIехьа!» — бохучу куьцехь.
— И муха нисделла? — ца хаьттича ца Iавелира Kepим.
— Тоххара вайн цигахь колхозаш йахка йолийначу муьрехь Украинера, Россехара, мацаллех бевдда, вайн махка кхечира дуккха а доьзалш. Уьш вайнаха тIеийцира, шайн керташкахула боькъуш, дIа а нисбина. Людмила тхоьгахь, тхан нанна хьалха, хьалакхиъна, тхан фамиле а йаьлла, — сан йиша санна хилира.
— ХIетте а… маре… оьрсичуьнга йахара! — йукъагIоьртира Хьулимат. Йуха а, велакъежна, цуьнгахьа куьг ластийра Бакара.