Светлый фон

Кестта дехьа чуьра схьахезира Iуьйкъан ламазана гIаьттинчу Тавсолтин татанаш. Корехула чукъедира морзин басайахана стигалан анайист. Набаро даздина Нурседин бIаьрганегIарш меллаша ваьштадахара.

 

* * *

Вукху дийнахь школин кертахь дIахIоьттира доккха ловзар. УьйтIахь дукха адам гулделлера «Комсомольски ловзар» — бохучу дашо, йуьртахула маса чекхдаьлла, нах схьаоьзнера. И муха хуьлу хьовса, тамаш беш гулбелларш а, цунах бела дагахь баьхкинарш а, вуьшта шайн сакъера вовшахкхетта кегийрхой а — бес-бесара дукха адам дара кертахь.

Малх ца гора: йерриг стигал дIалаьцнера шерра дIасайаьржинчу мархаша. Амма де мела а, тийна а лаьттара. Мох бацара банне а, «Дада-бIарана» кIел пурх хIоттийначу йехачу стоьла тIе, хьийзаш, гуш доцчу, кегийчу парашюташ тIехь санна, сих ца луш, охьаоьгура диттан гIаш. Стоьла гонаха Iapa: Ахат, Анна Львовна, Селита, райкомера зударийн отделан заведующи а, комсомолан секретарь а, кхин бехке хьеший а.

Нохчийн ловзаргахь хIинццалц ца гинчу кепара вовшашна йух-йуххехь Iapa нускаллий, кIанттий: Iаьржа кIужал кест-кеста хьала а хьокхуш, велакъежа Каташший, эхь хетарца корта охьа а бахийтина, дарин косынка а коьртахь, йогучу йуьхьца, шена хьалхха хьоьжу Ниночкий. Цу шинна тIехьа лаьттара церан цхьацца накъост — школера кIанттий, йоIIий. Стоьлан шина а йистехь ловзаран куьйгалхой: аьрру aгIop Керим, аьтту aгIop Нурседа Iapa, шайна уллохь, пхьаьрсах цIен цуьргаш а дихкина, ши жимха а лаьтташ. Нурседина йуххе хиънера кечвелла Егорыч. Школин корпусехьа, аьтту aгIop хIоттийначу вукху стоьла тIехьа, дехийчу гIанташ тIехь, иэ а белла, хевшинера йуьртан, школин комсомольцаш, комсомолкаш. Мехкарийн коьртахь йара шайн даимлера косынкаш йа шифонаш, тIехь — гIабалеш, хаза кучамаш, когахь — йа кIархаш, йа туфлеш гора.

Аьрру агIорхьа лаьттачу, кхозлагIчу стоьла тIехь шаьш ховшийнера кхайкхина баьхкина, доьшуш боцу, эсала Iа, йуьртан мехкарий, йукъ-кара, церан хьаште хьажа, цхьацца комсомолка а хаош. Царна дуьхьало, урамехьа, аннийн кертаца могIарехь лаьттара сакъералу кегийрхой а, кхин нах а. Кертал дехьара чухьуьйсура баккхий зударий, коьртах ондда йовлакхаш а хьарчийна, цхьаберш цеце бага пIелгаш а доьхкина, вуьш кхардарца лахара балдаш тIе а даьхна. «Дада-бIарана» кIелхьарчу стоьлана аьрру агIорхьа Iа вотанчий, пондарчий, xIyp эккхийтина, саццаза шайн шовкъе гIoвгIa сийсош дара. Вукху агIорхьа, цхьана жимочу стоьла тIехь, лаьттара йоккха патефон а, пластинкийн дийнна барз а, йуххе хIоттийна ши жимха а волуш.

УьйтIе хаза цIанйинера. «Дада-бIарана» тIера дуьйна кен утармашна тIе кхаччалц тесначу тела тIехь, хьалххе хьалаоьхкина, мехкдаьтта даго панараш, лампанаш кхозура. Кертахь маьI-маьIIехь лаьтташ а, дIасаволуш а гора, пхьаьрсех цIен цуьргаш дихкина, кхин а цхьа-ши комсомолец. Цкъа хьалха Керима, нохчийн кегийрхошна советски оьздангалла Iаморехь кху ловзаран доккхачу маьIнех лаьцна дош а аьлла, бал дIаболийра. Дуьххьара йукъаваьккхира, фаружкица, сирачу коверкотан костюм йуьйхина волу комсомолецций, шифон а тиллина, дарешца кхелина гIабали йуьйхина комсомолкий. Ший а дика долура хелха: кIанта, дегI айббина, лечин тIамарш шуьйрра дIасайаржийна, лаьттахула сих-сиха когаш шершош, йум йора гонаха, шен аьрзун бIаьргаш кест-кеста йоIехьа а хьажош. ЙоIа, корта aгIop а таIийна, эхь хетачу куьцехь, бIаьргаш охьа а дахийтина, кIантах дIауьдуш, бай-й гобохура уьйтIахула…