Светлый фон

— Ву иштта: кхаьънаш ца оьцу, аьшпаш ца бутту… болх нисса бо, йамартло а ца йо. Шен доьзална а, зудчунна а хьанала ву. Молуш а вац. Делахь а… лакхарчу кхеташонехь ша нисвелча, цхьа къовсаме гIуллакх иккхинчохь, цо цкъа а цунах шена хетарг ца олу, боху, цкъа лакхарчарна хIун хета а хиъний бен: IадIа, йа йовхарш а тухий, араволу. Сан хьесапехь, иза стешхалла йу — карьеризман нана!

— Ткъа!.. оцу зудчо хIун бохура, ва Нурседа?! Иза хIунда элира цо хьоь?.. Керимах лаьцна…

— Ша эладитане йолу дела! Цхьаъ хезна!..

— ХIун хезна?

— Селита!.. Бакъ ду иза. Суна тIехьийзаш ву и кху тIаьххьарчу хенахь, суна везаш а ву. Хьоьга тахана-кхана и дийца дагахь Iара со хIинццалц, хьох ца хIуттуш а… сайн дагахь и къастталц а… Тахана кхин цкъа а соьга дийхира цо шега йар. Кхана тIаьххьара жоп а деза цунна. Ас ойла а йина, ас и сацийна…

— ХIун сацийна ахь?

— Цуьнга йаха.

— И муха дало хьоь, Нурседа? Расул а вицвина! Хьан-х цунна дина кхиъна догIуш ши бер ду. ТIе, вайн да а карзахвер ву… Оццул гергарло а лелийна, йуха… Ма товр дац и дадина! Йа… нахана а!

— И-м бакъ ду. Ткъа хIун де ас? Сан-х, хIинца а ткъе кхойтта шо бен ца кхаьчна… Йа… иштта лела йеза со а? — йерстанарг Iийнчу гIантехьа корта а ластийна, хаьттира Нурседас.

— Ой, иштта а, вуьшта а ца лелаш, IадIан ца мега, Анна Львовна санна, хьайн майрачун сий а лардеш, бераш а кхиош? Уьш-х кестта баккхий хир бу, ахь жимма сатоьхчахьана.

— Вайна тIом а бац, ас собар дан, тIе, уьш кхиъна бевлча а, ма хир йу со шовзткъа шо а кхачаза. Зама маре гIyp йу, Джамбул, Каташ санна, цхьанхьахула дIатаьIар ву. ХIинцалера къонанаш-м, хьаха, бац, тохара вайша санна, дайн-нанойн йаххаш а лаьцна, лелар болуш. ТIаккха хIун дан деза ас?

— Расул а вицвина… Ма везара хьуна и…

— Шен хенахь и везара… ХIинца xIapa веза. Цхьанна а ас йеш хьарамло а йац. Расулан шина берана Керим дика да а, Кесирех дисинчу шина берана со хьанал нана а хир йу! Оцуьнан а йел ахь ойла!

— Бакъду иза-м! Делахь а… суна хетарехь, соьга далур дацара-кх и санна дерг.

— Хьо шатайпа йу. Наггахь хуьлу хьо санна йерг а. Амма, мар веллачул тIаьхьа дикка хан йаьлча, кхин везавалар йа эхь а, йа ямартло а ца хета суна-м… Да а соцур ву-кх, цкъа карзах а вийлина, хьалха санна… Цунна а мегирий и!.. — тIетуьйхира Нурседас. — Цул а, сан йиша, къона къан а ца луш, белларш а битий, хьайн ойла йе. Цкъа а маре ца йоьдуш, Iан йоллу хьо? ХIун сийлахь ду и? И хьанна оьшу? Суна-м шел тIаьхьа бераш ца дуьтуш велларг Iаламан къу хета, дахарна гергахь а йамарта! Даим иштта чекхйаьррий-те хьо? Нагахь йалахь а — йоккхаеррий-те хьо?!. Нахана а и дош ма ца хета: нахана а дуьне дезарш — шайх теранаш — дукхах ма беза. Цхьа де догIур ду, хьо дохко йолуш, амма и тIаьхьа хир ду!.. Белларш а битий, хьайн гIайгIa бе, сан йиша!..