— Боьха хIума! — аьлла, араиккхира зуда.
— Питанча! — тIаьхьакхоьссира цунна Нурседас.
— Ой! Ой, хьо муха Iа, ва Нурседа, кхузахь ишттачаьрга ла а доьгIуш? — цецйелира Селита.
— АлпатугIеран дуьхьа Iа-кх!
— И дIайахнарг мила йара? — хаьттира йаздархочо.
— Пежиева ТIаус. Ца хезна хьуна йуьйцу?
— А-а-а, и йара иза?! Хезнера суна, хезнера!..
— Ишттанаш а нисло-кх вайн зударшлахь… Божаршлахь Баштиров а санна, — тIетуьйхира Нурседас. Нурседера кехат а эцна, хьешан Iодика а йина, Селита райклубе йахара.
— Муха хета хьуна, Хьасан Ахтаевич, шайн кадро лелориг? Иза дIа а ваьккхина, цуьнан метта цхьа зуда хIоттийча?
— И саннарг-м йац ахь цига хIотто дагалаьцнарг?
— Йацара, хьаха-кх!..
— Кхин цхьа гIуллакх а ма дара сан хьох дагайала, Хьасан Ахтаевич. Тхан Эскинойхь мехкаршна жимо интернат йан йолийна хIара шолгIа шо а ду. Ахь йаздича а, гIо хир дацара-техьа?
— Иза-м йоккха хан йац, Нурседа! Кхечу меттигашкахь-м кхоъ-диъ шо а долу… Интернат йилла атта хета хьуна? Делахь а, со хьожур ву.
— ТIеоьшу ахча ца карош, Минфинехь а хилла со: «Ахча дац, оцу гIуллакхна кху шара ахча ца делла», — боху министран хьалхарчу заместитело.
— Стохка делларг а шен хеннахь аш дIа а ца эцна, дайра, бохуш а, хезна суна…
— Ца эцна-кх СМУ-н бехкенна. Ткъа СМУ а бехказа йуьйлу, цунах схьаэца гIирсаш а ца хилла, дайра и ахча, бохуш. ХIинца оьшу гIирсаш Главснабехь гучубуьйлу, амма уьш схьаэца тахана тхан ахча дац! ХIун дан деза оха?
— ХIинца министрана тIе гIуо. Обкомехь бурч йоьхкина хьуна цунна.
— Дика ду. Цо и гIуллакх ца дахь, обкоме а йер йу.
— Сихлолахь: кестта Москох ваха мегаш ву хьуна иза… ХIан, шун секретарах кхета со, и чохь волччуьра! — аьлла, Iодика а йина, аравелира иза. Кестта йухакхечира Селита.
— ДIавахара хьаша? Ма оьзда стаг хийтира суна иза, — Усманов Iийнчу гIантехьа корта ластийра Селитас.