— «Белларш а битий»… Со кхечуьнга гIyp йац: сан са ду цуьнгахь марехь!.. Хьо дIайахча-м йуьсу со гуттар цхьалха. Цуьнан ойла-м ца йо ахь, сан йиша!..
— Йо ас хьан ойла. Цундела лоьй со-м хьоьга… хьо йоцург сайн кхин йоцу дела! — Нурседас и мара йоьллира.
Ши йиша вовшийн марахь йилхира. Телефон йийкира:
— Дада цIа кхаьчна, цIа дуьйла! — хаам бора Джамбула. Шен кIантаца къамел дина, Нурседа йуха йекхайелира.
— Тамаш бо-кх ас, хьоьга а хьожий: ши йиша йоллушехь, ма цхьатера йац вайша! — элира Селитас.
— ХIунда бах ахь?!
— Хьо даима а йекхаелла, дуьненах йоккхаеш йу, ткъа сан даг тIера, ахь ма-боххура, цкъа а дIа ца бовлу вайн белларш. ЙухабогIур бац-кх уьш цкъа а! Иштта, вай а лийр ду-кх… массо a! XIapa говза куьйгаш, шелонах а лардеш, Iай каранаш а духкий, леладо, xIapa тамаше бIаьргаш, ченах а лардо, дерриг адамийн говзалла вовшахтоьхча а балун боцу xIapa, дуьне а чулоцу, вайн хье — xIopш дерриш а дахкадала деза-кх цу лаьтта бухахь! И дагадеъча… хIинцале а, хьалххехь йелха дог догIу-кх сан… Леш хилча, дан а хIунда до-те вай? Iилмано-м, мацца а цкъа лекъар ду бохийца, латта тIера доллу дахар: адамаш, ораматаш, дийнаташ, бецаш — массо садолу хIума дIахедаш. Цаьрца йовр йу-кх, ткъа дерриг адамийн хазалла а, музыка а, искусство а! Ткъа стенна деха техьа адам, шех иза а буха дуьсург ца хилча? ХIун дуьсур ду-техьа тIаьххьара а вайх, вайн дахарх, вайн ойланех буха? Йа хIумма а вайх буха ца дуьсуш, довр ду-те вай кху дуьнен чуьра, цкъа а хила а ца хилча санна? Оцу ойлано дерриг дуьненах а цкъацца цIена догдоккху-кх сан. Эцца, кхана-лама лаьттах дIадуху долу xIapa йуьхь-куьйгаш а лардина хIун до? Цхьаболчара-м сов лерина а леладо уьш, басарш, хьакхарш хьоькхуш, гIеххьа лелийна ца Iаш. Эрна ма ду и! — олий, цхьа инзаре тамаш булу-кх сан кийра, сан кхетам Iадош, и кхечуьнга хьахо а со ца хIуттуш… ур-атталла хьоьга а!
— Э-э, сан йиша, хьо хьерайала гергайахана. Харцахьайаьлла хьан ойла! — элира Нурседас, Селитин белшах, кегийрхоша санна, эвхьаза куьг а тоьхна. — Гуттар Iожаллех тамаш бечул, гонаха а хьажий, дахарх, дуьненах бе и тамаш! Дахар бу, хьуна, Iожаллел а боккхаха, даима тулуш схьабогIу тамаш!.. Вай ле, амма бераш тIекхуьу, — хIинца Джамбул лийначу телефонехьа корта ластийра цо. — Мичара девлла ца хууш, тIадамал а кегийчу, гуш а доцчу, зирхах долалой, уьш, шайн ойланца дуьненал а даккхий адамаш хуьлий, дIахIуьтту! Вайгара дIаоьций, цара ца ходуьйтуш, дIахьо xIapa дуьне кхин а лакхенга. Шайн дог-ойланца йуха уьш а бу-кх вай дерриш! ХIун башхо йу? Набкхетча а, сама а довлий, йуха а ца деха вай, тохарлеррачуьра вешан гIуллакхаш дIахьош. Изза ду-кх адамийн чкъор хийцар! Вайл тIаьхьа кхуьучарна а, вайна санна, дуьне деза, наб йогIу, — дерриг а вайна мел луурш, вайн хилла ойланаш йу-кх цара а, шайн хьуьнаршка хьаьжжина, карлайохуш, дIакхоьхьурш! ХIун башхалла йу: уьш а вай ду-кх! Ткъа кIоргге дIахьаьжча, вайн дахар вай делча дIа а ца хеда: оцу вайн тIаьхьенца йуха а карладолу! Вайн бераш кхуьу! Царалахь йуха а деха вай! Адамийн чкъоьрнаш, вовшийн хуьйцуш схьаоьху лаьтта тIехь, xIop бIаьстенца дитташ тIера гIаш санна, ткъа адамийн дахар, и дитташ санна, йух-йуха карладуьйлуш дIаоьху. XIop адамийн чкъор. тIедогIучунна шех цхьа пайдехьа керланиг буха а дуьтуш бен, дIа а ца доьду. Тамаш и бу! Хьажал: и дитташ, асфальт а йохийна хьалагIерта и буц! Массо а хIума ду дуьнен чохь, ойла йича, цхьабосса тамаше — жиманиг а, доккханиг а! Зингат а — тамаш бу! Вай батта тIе кхачийна ракета а — тамаш бу! Массанхьа а деба!.. ВПШ-ахь профессора хIун элира хаьий хьуна: «Iожалла дахаран гIоьнча а, цуьнан йалхо а йу, иза тIеттIа карладохуш, цIиндеш, Iожалла йацахьара дуьнен чохь дахар а гена дIадахалур дацара»! Муха хета хьуна? Цкъа, мацца а, Iилмано ма-баххара, вайн Лаьтта тIехь дахар дIахадахь а, и кхечу планетехь йуха дIагIур ду, кхин а лаккхарчу тIегIан тIехь, керла зазадоккхуш. Дахаро, цкъацца, вай а ма-хийццара, шен квартира-м хийца тарло, амма довр-м дац и цкъа а дуьненан паналлера! Оцунах йоккхайел хьо! Оцунах бел ахь самукъане тамаш, белларш дагалоьцучул… Суна а богIy, хьуна, уьш-м дага. Йелха дог а догIу сан тIаккха. Делахь а соьга хIун хийцалур ду? Иштта ду-кх xIapa дуьне! Амма, хьуна санна, xIapa вон кхоьллича санна-м, ца хета суна! Ткъа хIун ду «кхана-лама лаьттах вай дIадухкург» хилча а? Валар дац дуьненахь коьртаниг, дахар ду! — аьлла, дерзийра Нурседас.