Селитин йуьхь йекхайелира: Нурседа цу сохьта шел йоккха хийтира цунна.
НeI туьйхира.
— Мегар дуй?
НеIарехь гучувелира Баштиров. Селита, хьалагIаьттина, Iодика а йина, дIайахара. Баштиров стоьла хьалха дIахIоьттира:
— Ахь кхойкху бохура…
— Кхойкхура-те! Валол, хьалхарчу секретарна тIе гIyp ду вайша, — Нурседа хьалагIаьттира…
— Нурседа, ма вигалахь со цига… ахь аьлча а тоьу, хьуна, суна.
— Хьайга хIунда кхайкхина хаьий хьуна, накъост Баштиров?
— Хаьа. Иза бакъ дац… Бегаш бинера ас, иза кхеро… Аьлларг ца деш, чIогIа харцахьайаьллера иза.
— Дика ду. Цуьнан беркъа лелар? Хьо-м ву, артист санна, кечвелла.
— Иза шен лаамехь йу-кх. И ма ду ас цуьнга бохург а… Йухур-м йацара и тIелхигаш бен!
— Ткъа хьайца клубе йуьгий ахь и цкъа а?
— Ца йогIу… йа мукъа ца хуьлу. Ас-м, дера, йоуьйту иза, цунна лаахь.
— Ахь хIун дей, накъост Баштиров, и туьйранаш кхузахь дуьйцур дац ахь. Хьайл тIаьхьайисина хьайн зуда, хьайн берийн нана, хьайга нисйан хьажа. Реза ваций — къамел ша хир ду! Реза вуй — бутт хан йу хьуна! Кхочуш ца дахь — гIуллакх ас генадоккхур дуй хаалахь!
— Реза ву со-м. Дера ву-кх…
— Велахь, охьахаал, дIаяздел иштта!
Баштиров меллаша йаздан охьалахвелира…
ГАРА ЧУРТ