Эскинойхь цIеххьана керла хабар делира: «Тойсум цIавеъна!»… Тоххара, нохчийн махкахбахале дуьйна, Iедало лаьцна вахийтина волу иза, гучуьра дIаваьлла а, дуккханне вицвелла а дикка зама йаьллера. Бакъду, цо хьалха кхузахь лелийнарш а, Казахстанехь цо бехк боцуш «веа стагна бIе шо хан» тохийтар а, наг-наггахь дагалоцуш а, хьахош а нислора йуьртахоша, амма ша оццул дукха зуламаш динчу, ша сел дика вевзачу, нийсса аьлча, ша бIаьрга ван а ца везачу кху йуьрта иза вухавогIур ву бохург цхьанна а дага ца догIура.
И цIавеъна аьлла, шена ма-хеззанехь Тавсолтас лаьттах туйнаш туьйхира:
— ОстопираллахI! Ма эхь доцуш стаг ву иза…
Эскиной ша веъанчуьра чухIоьттинчу Керима хаьттира Тавсолте:
— Баккъал а веъна?.
— Веъна… Бердан йистехь дех дисинчу цIеношкахь дIанисвелла… Ша ву… Бераш дац… Зуда Казахстанехь йелла… Ма веа велара кхин эзар шарахь… Хьажахь: ламаз а до, рузбана а веънера… Цхьа зулам кечдина ма хилахьара цо йуха а… Шен хьалхалера амал йитина Iийр ма йац борз…
— ЦIабаьхкинчара хIун леладо, хIун дуьйцу хьажар хир ду-кх хIинца цунна тIедиллинарг… И хIумма а доцург ду… Хьалха санна, нах чубохкийта таро хир йац: харцдерг тIе ца лоцу хIинца, — Тавсолтин сапаргIатдаьккхина, дIавахара Керим.
Керим райкомпартина хьалха кхоччуш, майданахь дуьхьал кхийтира цунна Тойсум. Иза шена ца вевзинчуха Керим тIехвала гIоьртира, амма, малх санна векхавелла, тIамарш а йаржийна, мараэккха дагахь тIеволавелира Тойсум:
— О, сан хьоме вешин кIант!.. Ганза мел дукха хан йара!
Керим, ши куьг тIехьа а дохуьйтуш, буьрсса дIахIоьттира.
— Ой-й!.. Хьо ма шийла ву соьца, сан вешин кIант… ХIун хилла!
— Цкъа-делахь, ас хьоьга тоххарехь аьлла: со цкъа а хьан вешин кIант цахилар… ШозлагIа-делахь, хаьий хьуна, бехк боццушехь ахь бехке а вина, бle шо хан тохийтина виъ стаг хIинца, Советан суьдо бехказа а ваьккхина, схьахецнийла?! ХIинца хIун олу ахь?.. Хьо харц теш хилар, хьо йамарт хилар цуьнца Советан суьдо а чIагIди!..
— Ахь хIун до?.. Батта тIера охьавоьжча санна… Ма чIогIa кхехка хьо… ХIетахь зама кхин ма йара!.. Хьо-х коммунист ву. ХIетахь пачхьалкхо, партис суна и тIедиллира — ас партис боххург кхочушдира, суо коммунист волу дела!.. TIe, хIетахь НКВД а йара… тур текхаш. Цу тIехь суна хIинца билла бехк а бац, ша коммунист волчуьнан муххале а, — куьйгаш хьалатуьйсура Тойсума.
— Молла Бауддин воцчун!.. — Iоттар йира Керима. — Цо а, цуьнан накъосташа а, шаьш бакъбина схьахецале, масех шо эрна чохь ма даьккхина… ахь… динчу тешаллица!..
— ДIавалахь дIа!.. Ахь хIун дуьйцу?!. Со-х молла Бауддица вай цIа а дахкале Казахстанехь куьйге вахана, вовшашна мара а кхеташ. Цо-х суна гечдина ша ара ма-велли… шен а, накъостийн а цIарах. Со хIинца мила ву хаьий хьуна: партин ветеран! персональный пенсионер!.. — шен некха тIе, значок гойтуш, куьг туьйхира Тойсума.