— Делахь-хIета, хьо иштта чIогIа коммунист велахь, сел атта хIунда тIелоцура ахь НКВД-с хьайна тIедуьллу и харц тешалла?
— Хьуна стенах хаьа, ас и «сел атта» тIелоцуш хиллий?.. Вай махках даьхначул тIаьхьа, айса хьалха мел лелийначух а дог даьлла, дохковаьлла, йерриге а сайн уьйраш а НКВД-ца дIа а хедийна, цара схьакхийдориг а тIе ца лоцуш… сайн лесопилки тIехь парггIат сайн болх а беш, оцунах напгIа а хуьлуш, Iаш ма вара со… Эххар цхьа ревизи а йеъна, пайдабоцчу хIуманна тIехула со чувоьлли… ТIаккха… эццигахь веар-кха суна тIе НКВД-pa векал, хьайна бархI шо хан тухийла ца лаахь, и гIуллакх тIелаца аьлла — и партис а, пачхьалкхо а тIедуьллуш ду хьуна… ТIаккха дир-кх ас царна и тешалла а…
Керимна, хIинца иза шена цкъа каравеъанчуьра, дIа ца хоьцуш, бухе кхаччалц, цуьнан ойланех кхиа а, ма-хуьллу и Iораваккха а лиира:
— Делахь… суьдехь… царна кхиэл схьакхайкхийча, велха хIунда вилхира хьо? — хаьттира Керима.
— Ой-й… Иза а хаьа хьуна?.. — кIеззиг вуьйхира Тойсум, цIийвелира, цуьнан хьена бIаьргаш кхоьлира, йуха элира цо:
— Сайх къа а хетта, вилхира-кх, «церан» карара ца вели-кх со хIинца а аьлла.
— ХIинца? — хаьттира Керима.
— ХIинций?!. ХIинца-м, хьаха, ваьлла: зама кхин йу!.. Зама хийцайелла!.. Сайна цхьа эссала болх карийна, иза а беш эссала Iийра ву …
— Ламаз а цундела долийна хир ду ахьа?.. Хьо-х коммунист ву.
— Хилча хIун ду?.. Парти дуьхьал йац динна… хьо Iедална йамарт ца хилчхьана… Сан къинош дукха ду… Такха деза… ХIинца ас гойтур ву суо нахана а, йуьртахошна а дикачу aгIop.. Нах а къинтIерабовла мега тIаьххьара а.
… Цара суна гечдийр ду!.. Ас цкъа а дийр дац кхин харц тешалла!.. — чIагIдира Тойсума.
— «И-м хIинца, хIокху муьрехь, бакъ хила а, дера, мега кхуьнан», — ойла хилира Кериман: «Кхин зама йу — кхин эшарш оьшу… ХIинцалерачу «органашна» харц тешалла эшац — цIена бакъдерг оьшу!»
Куьг ца луш, корта ластийна, Тойсуман Iодика а йина, Керим хIинца базарехьа вахара, райкомпарте ваха шен гIуллакх доллушехь, Тойсум а цига воьдуш карийна, цуьнца кхин дIа цхьаьна ца хилархьама. Базарахь, Дала ма хьоьхху, молла Бауддин дуьхьалкхийтира Керимна. Хазахийтира вовшийн гина, маршаллаш хаьттира. Молла Бауддин дикка верстинера Казахстанехь Керимна гиначул. Хьал-де хаьттина бевллачул тIаьхьа, Керимa хаттар дира Бауддига, кIеззиг йуьстах а оьзна:
— Суна хIинца Тойсум гинера… Бакъ дуй цо ахьа шена гечдина бохург, «мара а эккхаш?»…
— Бакъ ду… Мара-м ца иккхира, бакъдерг аьлча… Тхо ара ма-хийцци, баккхий нах а балош, суна тIевеънера иза: «Гечдахьара шена… ца ваьллачу денна, нуьцкъашха тIе а дожийна, дира ша иза»… — аьлла… Баккъал а, ойла йичахь, тхуна и хан тохийтинарг и ма вацара — Сталин вар-кха… Цо и тешалла ца динехь а, тхуна, и хан хьалххехь а тоьхна йара… Харц тешаллина-м, и тIе ца вирзинехь а, кхин а карийна хир вара… Делахь а, и-м верриг а бакъ а ца во-кхи ас: и вуьззина къонаха а, бусалба а хиллехь, и харц тешалла тIе ца лоцуш, цо шена хан тухуьйтур йара. Цул тIаьхьа ша чохь мел воллу а, араваьлча а, ша-шена гергахь а, нахана гергахь а, вуьззина къонаха а, бусалба а волуш, цIенчу адаман сибатахь чекх а вер вара иза… Хьаьнг-хьаьнга а далун хIума-м дац иза… Цуьнга а и ца дан дели… Aмма и санна йолчу тIехIоьттинчу киртиго боькъу-кх нах шина декъе: цхьана агIор — йовссарш, вукху агIор — бакъдолу адамаш… Делахь а, сайна гергахь долчунна ас Тойсумна гечдина, сан чIир йац цуьнца. Шена гергахь цунна йогIу кхиэл Дала ша йер цунна… Амма… сан чIир йац цуьнца!.. ХIун хаьа, хIинца цунах эххар адам хуьлий а?… Товала тIаьхьа ма дац цкъа а!.. — вела а къежна, эсала Кериман бIаьргаш чу хьаьжира молла Баудди: «Хьуна и муха хета-м ца хаьа суна» — бохучу куьцехь… «ХIара молла-м дикка диалектик ма-хилла!» — дагатесира Керимна.