Светлый фон

— Кестта йалх-ах даьлча, йоьдучуьнца иза новкъа воккхуш, берриш вокзалехь хир бу, хьуна. Цуьнца вайн хьалхарниг а воьду. Оццу поездаца со а йоьду Ростох. Лаахь, вокзале йола.

— Дика ду, — аттачу дагара тIетайра Нурседа, цIеххьана цхьа аьрха хIума дагадеана.

Поезд схьакхачале кехаташ кечдан а, ша Элдаровс тIеэцарх телефонехула Кериме хаам бан а «Кавказ» гостинице, шен номере йаханчохь мелла а хьиэелла Нурседа хIинца, тIе «такси» а ца карийна, шен буха йисина хан нисса лерина, сов сиха гIаш йогIура вокзале, нийсачу Комсомольски урамехула. Дехьий-сехьий дIакхаччалц дийгIинчу, хIинцца сенделла техкачу диттийн IиндагIехула йогIура и, бIаьстенан хьожанаша мере таме тов а детташ.

Вокзалан майданна чувулучохь, можа басар а хьаькхна, йеттинчу кибарчигийн нартол хьовзийнчу кех йаьлча, перронехь, аьчган кертал дехьа, йоккха пхьоьха гира кхунна. XIapa тIекхаьчча, хьалхарчу платформехь, цIерпоштан вагонан бухарчу лами тIехь, накъосташна вела а къежаш, лаьттара, дIаваха новкъа ваьлла ЦК-pa веанарг. Йуххе хилча, Нурседина вевзира Вильянов! Цунна хьалха, го а бина, дийнна тоба лаьттара: обкоман хьалхарий, шозлагIий секретараш, Совминера Элдаров, культурин министр, цуьнан заместитель Усманов а.

Вагонан тамбур тIера, Нурседега куьг лестош, схьахьоьжура Ростох йоьду обкомере женотделен белхахо а. Нурседа, шена меттиг йоккхуш, тIе а хилла, бIаьрг тIера цо боккхуш хьоьжура Вильяновга. Цунна ца гора xIapа. Нурседина иза хIинца а, тохара санна, цхьана йоккхачу Iалашоне кхача сихвеллачу некъахочух тера хийтира, амма цуьнца хIинца йацара тохарлера, цкъаццIа бIаьргаш чохь гуллу мархаш. Цуьнан цIена бIаьргаш синкъерамечу нуьрах догура. Коьртара кIайн чилланан месаш мохо йайн кегайора.

— Амма, цхьабакъду, — Нурседас схьалецира цо шена гонах лаьттачу обкоман куьйгалхошка аьлле дешнаш, — промышленностан кхиамашка кхочуш бац шун идеологически болх. Иза а айа беза аш!

Нурседа, хьалхахьа теIара, дIакховдо кечйина цхьа конверт а карахь, нах меллаша дIаса а хилош.

— Нурседа, хьо муха кхечи кхуза? — кхуьнан пхьарс а лоцуш, хазахетарца хаьттира Усмановс.

— Цу тоххара вайшимма дийцинчу гIуллакхна… Минфинехь а, Совминехь а дош ца хуьлу, цундела кхуьнга хIара кехат дIадала дагахь йеана-кх со!

Усмановс, и ша къобалдойла хоуьйтуш, къайллах цуьнан пхьарс а Iовдуш, некъ битира цунна.

Кхунах хIинца бIаьрг кхетта Элдаров, кхуьнгахь конверт а йайча, гома схьахьаьжира. Шена уллорчу накъостан лере цхьа шабарш дира цо. Нурседа кхин а хьалха таьIира. ХIара йуххе кхоччушехь, Элдаровца волчу накъосто элира, эсала вела а къежаш: