— Ахь хIун до? Мегар дац! Собарде!
— ХIан-хIа, сан йиш йац цунна тIе ца кхаьчча! — иза ондда дla а теттина, Нурседа хьалхарчу могIаре йелира.
ЦIийеллачу, йоьхначу йуьхьаца схьавирзира Элдаров:
— Хьовсийша, кхин эхь ца хеташ, схьагIертачуьнга!
Цхьаъ-м, некъ букъуш, Нурседина хьалха хIоьттира. Амма хIинца, и йуххе йеъча, ма-йарра и гинчу Вильяновс элира:
— ХIан-хIа! ТIейаийта! — тIаккха цIеххьана: — Суна йевза и!.. Нурседа! — аьлла, ша тиллича санна, цуьнан цIе йаьккхира хьешо, массо а цецбовлуш. Hаx дIасахилира, гIар йайра.
— И вон амал! — эккхийтира Элдаровс шена йуххерчуьнга.
— ХIан-хIа! Цуьнан амал а йевза суна! И вон амал йац! — элира Вильяновс.
Йуха а гIовгIа гIаьттира. Вильяновна нисса тIейахара, корта айббина, Нурседа. Лами тIера охьа а вуссуш, куьг а луш, маршалла хаьттира цуьнга Вильяновс.
— Дийцал, Нурседа, муха Iа шу хIинца? ХIун оьшу? — сахьте хьаьжира и. Поезд йолайала кIезиг хан йисинера.
— Накъост Вильянов! Ламанхойн мехкарийн интернат йаран хьокъехь xlapa заявлени хьуна тIе дохьуш йеана со… кхузахь гIуллакх а ца хилла… Ахь гIo ца дахь, дош хилац, — элира Нурседас, йуьхьанца цкъа дего доладеллачу, йуха сихха меттадеанчу озаца.
Вильянов воккхаверца хьаьжира Нурседе: тохарлерачунна хьалха культурехь а дикка кхиъна стаг йара схьагург. Хьаьрсачу месийн стаммий чIабанаш, кур беш, товш хьарчийнера; тIехь йара сийначу бостонан костюм. ПарггIата лаьттара. Вильяновс, сихха даьстина, ша лаьттачохь дийшира кехат. Элдаровгахьа дIахьаьжира и. Важа хаъал кхуьйлира. Усмановн бIаьргаш чохь чиркх летира.
— Дика ду, Нурседа! Оха гlo дийр ду. Схьагарехь, зударшна некъ баккхаран гIуллакх тIаьхьаьдуьсучух тера ду шун кхузахь, — обкоман хьалхарчу секретарехьа вирзира и. — Шуна кхузахь ахча ца карадахь, Москвахь а хьовсур вай…
— Ахча-м тхуна карор ду кхузахь а! — хьалхатаьIира Элдаров.
— Хьалха-м ма ца элира ахь и, накъост Элдаров! — Iоьттира Нурседас.
— И хIун ду, Ткъа накъост Элдаров? — хаьттира Вильяновс.
— Ас… со… ахча-м хир ду… жимма собардичахьана… Цкъа бен йеъна а ма йац xlapa со волчу. Хир ду… карор ду… накъост Вильянов.
— «Цкъа бен йеъна а йац»… Йаз моссаза дина? TIe, ахьа-х чу а ца вуьту… мил-мила а! — тIетуьйхира Нурседас. Хьалхара секретарь шийло дIахьаьжира Элдаровга.
— Оха и тайпа гIуллакхаш талла ЦК-pa комисси а йоуьйтур йу кхуза. Шуна гIo дан. Бехкечаьрга жоп а доьхур ду! — ТIаккха Нурседегахьа вирзира Вильянов. — Iар-йахар муха ду? ХIун болх беш йу хьо хIинца? Да а, йиша а дуй могаш?
— Дика дохку. Могаш а ду. Дерриш балхахь а ду тхо.