Иштта, даханчу шарахь оха шимма а и техникам чекхйаьккхира. Цул тIаьхьа, Москварчу сельхозинституте заочно деша кехаташ а дахьийтира дIа. ХIинца шу долчу йуьхькIамца сайн вуха ван чот а хетта, цIа веа-кх со… вайн йуха хIоьттинчу Нохч-ГIалгIайн республике! — чекхдаьккхира шен дийцар Увайса.
Нурседас маьркIажехь Кериме йуха а телефон туьйхира, вокзалехь Вильяновс шен гIо лацар дуьйцуш:
— Сихха схьавола! ХIаанний, тховссехь! Доккха гIуллакх ду! ХIан-хIа, цатам бац… мелхо а, доккха хазахетар ду! — Амма Увайс схьакхачар ца дийцира цо: мелхо а телефоне кхийда Увайсан куьг а дIахилийра Нурседас. — Собардехьа жимма! ХIинцца схьакхочур ву! Берриг шина сохьтан некъ а бац! Хьуо вевзийла хьажийтахьа!.. Дийцахьа, зуда ца йалош, муха Iийна хьо хIинццалц?
— Кху шарралц зуда йалор дагадогIучохь а вацара… ХIинца ахь дийцахьа шайца мел хилларш…
… Къамелаш а кхачийна, хIара шиъ Кериме хьоьжуш Iаш, эххар Увайса хаьттира:
— Вокзалехь ма дукха дара шу? ХIун дара цигахь?..
Нурседас иза а дийцира.
— Ма ирс хили-кх вайн, XX съезд хилла!
— Дерриге дуьненан а!.. — тIечIагIдира Нурседас…
Цхьайтта доллуш, цхьаммо-м кхеран неI туьйхира… Чувелира Керим… Ши ваша вовшийн марахьаьрчира… И шиъ цхьаьна а витина, Нурседа шен номер чу йахара…
Iуьйрре самайаьлла Нурседа меттара хьалаиккхира. Чохь хIинца а бодане дара. Коре йахана, дIасахилийра цо деза охьакхозу чилланан кирхьа. Малхо чукхоьссина зIаьнарийн цIов, стоьл тIе а кхетта, пенашна тIехула нуьран лоппагаш хилла, дIасабахара.
Диллинчу корехула чухьаьдира Iуьйренан хIуо а, самайаьллачу гIалин гIовгIа а. Цхьа а меже хаалуш а йоцуш, дайн, хIаваэ дала кийча хетара Нурседина шен дегI. Доккха дика хьоьхуш детталора дог. Йуьхь-куьг дилина, ирахь лаьттачохь булкица кефир а йиъна, чуьра арайелира Нурседа. НеI а тоьхна, гIаттийра сатоссуш бен дIавижна а воцу ши ваша. Кериман шофер, гергарчаьргахь буьйса а йаьккхина, исс долуш схьа ма-кхеччи, цуьнца «газик» тIехь Увайс гIале хьажа а вахийтина, Кериммий, Нурседий шайн гIуллакхашка хьовса араделира.
Сени чохь, цIеххьана цхьаъ-м дагадеанчух цхьаьий сецира и шиъ вовшашна дуьхь-дуьхьал, вовшийн бIаьра а хьоьжуш, дист ца хуьлуш, масех секундехь ойлане а дахана. Ший а кхийтира вовшийн даг чохь долчунах:
— Сан ваша! — Кериман белша тIе куьг диллира Нурседас.
— Хьо бакъ лоь: коьртаниг хIинца церан ирс ду, — элира Керима а. Иштта юхаийцира цушимма шаьш дукха хан йоццуш шаьшшиннех лаьцна къайлаха бина сацам…
Хьалха Совмине накъост Элдаровна тIе дахара и шиъ. Элдаровс, тахана тIеоьцу де дацахь а, шега секретаро ма-элли, чубитира хьеший. ДегI нисдеш хьалагIаьттина, маршалла хоттуш, тIекарваьлла Элдаровс дерриг а церан дехарш кхочушдина, мел оьшучу а — СМУ-га, Чечингстройга, Главснабе — ша телефон а туьйхира.