— Шу бакъ лоь: и мелла хилар а, цо хьалха лелийнарш а дагалаьцча, бакъо йу шун и шайн кешнашкахь дIа ца воллийта. Амма и ламаз тIехь, къилбехьа а вирзина лаьттачохь вер а, цунна, тешнабехкаца, и ламаз тIехь лаьтташехь, тIехьашха тохар а дагалаьцча, вайн бусалба Iедалехь кху йуьртахь и дIаволла бакъо а йу шун, — шун барт хилахь. Соьга шу хоьттуш делахь, ас тадо шуна, кху кешнаш чохь шаьш иза дIа ца воллахь а, кертал арахьа, мукъна, кешнашна гергахь дIаволлар.
Наха тIелецира и хьехам. ХIинца хала дацара: йерриг харж Эмина шена тIе а лоцуш, каш а даьккхира эцца йуххерчу гуна уллохь; докъан ламазаш а дира; дIа а воьллира. Чурт догIар тIаьхьадисира: чурт дийраш, кхечу йуьрта кадаме бахна, цIахь ца хилира. Кхин цхьана дийнахь а собар дина, амма кхузахь кхин хьевала шен балхаца таро а ца хилла, Эмин шен гIала вухавахара, чуртана догIу ахча, нахана а гойтуш, кхузарчу кешнийн охIланехь а дитина. Цхьа кIира даьлча, кешнийн охIлано кечдайтина чурт дIадогIа веара, цо мехах лаьцна волу кхо йуьртахо. Чурт схьадахьаш, схьакхаьчначу шиммо гIo а деш, цара и чурт дIадуьйгIира веллачун коьртехь, мелла а иза гу тIехь а нислуш. Амма чурт, цкъа цхьана aгIop, тIаккха вукху aгIop раздуьйлуш, нийсса дIа ца хIотталуш, дехха къахьийгира цара. Эххар кхин нислург а ца хилла, кIорда а дина, йуха а раз хIоьттинчохь, и кхин нисдан а ца хьовсуш, ша гара дIа ма-xIoттapa, дитира цара и чурт:
—
ХIумма а дац… Делан цхьа кхиэл хир йу xIapa… Веллачун дахар а дара гара… ХIинца цуьнан чурт а гара ду, — аьлла, сацийра царех воккхах волчо…
Баккъал а, хIетахь дуьйна цу чуьртан цIе, «Тойсуман чурт» ца олуш, «Гара чурт» олий, йоккхура наха. Цунна йуххера меттиг а «Гара чурт» долчухьа, олий, билгалйора. Амма йуьртахоша, Тойсуман «гарачу дахаран» мах даиманна а, оцу тайпана йемалбеш, билгалбинехь а, делахь а, и вийначунна а — иза ламаз тIехь а лаьтташехь, тешнабехкаца, цо тIехьашхула цунна тIетохарна — неIалт кхайкхийра, шайна Тойсум мел ца везаш хиллехь а. Тойсум, цо вийна, чувоьжна болчу оцу бердах а, йуьртахь, «шина къутIанан берд» аьлла, цIе йисира.
ДАГАХЬ А ДОЦУ ЦХЬАЬНАКХЕТАРШ
Эскинойхь массо хIума а, Нурседа реза йолуш, дика дIадоьдура, амма интернат йаран гIуллакх чIогIа тIаьхьатитталора… Телефонехула дийцарх, дIасайаздарх, дош а ца хилла, Нурседа Грозный — гIала йахара хIинца, Минфинан куьйгалхошна тIекхача. Минфинехь, и гIуллакх карахь ду бохучу министран заместитело — иза хIинца министрехь ду, амма и селхана Москва вахана, цIахь вац элира. Цигара Нурседа йехачу учахула вукху маьIIерчу, министран кабинета чохь Iачу цуьнан секретарана тIейахара: