Светлый фон

Перронехь, йистехьо а йаьлла, Усмановца къамел деш лаьттара Нурседа. ТIехволучу Элдаровс, хIинца тидаме схьа а хьаьжна, Iодика йеш, корта таIийра кху шинга. Нурседа дIа а ца хьаьжира. ХIинцца шена хиллачу йуьхькIомах йоккхайерна, цуьнан кийрахь лекхалора, цунний бен хезаш йоцу, исбаьхьа зурма: «ХIинца сихха чекхйер йу интернат!»

Кхуьнца лаьттачуьра Усманов, кхуьнан Iодика а йина, шозлагIчу некъа тIерачу поездан «Москва — Баку» тIейаздинчу вагонна тIе волавелира, цхьана накъостах бIаьрг кхетта. Оццу вагон тIера охьавоьссина, аьрру куьйга лаьцна чамда а йолуш, схьанехьа вогIучу кхечу стага, саца а вина, хаьттира, xIapa шега нисвелча, оьрсийн маттахь:

— Бехк ма биллалахь! Уггар йуххерчу гостинице муха кхочур вара со?

Оцу стага цIеххьана тидам тIеоьзна, Нурседа а сецира. ТIехьаьжча, шовзткъа шо сов хир долуш, погонаш тIера йаьхна, эпсаран тишо хорма а йуьйхина вара иза. Цуьнан шатайпа, аьрру ког кIеззиг дIа а тесна, дIахIоттар а, цхьаьнга-м ладоьгIучух тера, корта жимма агIор а саттийна латтар а, цхьанначух-м тера хетта, амма дагалаца ницкъ ца кхочуш, хьоьжура Нурседа.

Цу стеган йуьхьан сибато-м цхьа а дага ца воуьйтура: аьрру бесни тIехула раз охьабогIура вагийна муо. ЧIогIа къежделла гиччош тадаза дара. Схьахеза цуьнан аз а цхьанненчух а тера ца хетара йуьхьанца. Цо, шегара чамда охьа а йиллина, цигаьрка латийра. Усмановгара йехначу сирникца. Амма йуха а цуьнан аматаша, леларо тамашена цхьаъ-м дагаоьхуьйтура Нурседина. Усмановна баркалла а аьлла, и схьаволуш, цо шен чамда лаьттара йуха схьаоьцуш, Нурседина, цхьаммо-м цIеххьана бодашкахь йуьхьа хьалха фонар лаьцча санна, цецйолуш гира цуьнан аьрру куьйган чолакха хьажон пIелг, тапчин лаг озош санна, сеттинчохь бисна болу. «Ма тамаш бу-кх хIара а сел тера нисдалар… Хоттур ма ду ас», — дагадеъна, Нурседас хаьттира оьрсийн маттахь:

— Бехк ма биллалахь, хьо сайна вевзачух тера хеттера суна! Хатта мегар дарий?

— Дера мегар ду. Хаттал! — шегара чамда, йуххе охьа а хIоттош, велакъежира и, бага йуьззина кIайн болатан цергаш гучу а йохуш.

— Муьлхачу къомах ву хьо?

— Нохчо ву, — элира цо вайнехан маттахь.

— Увайс!

— Нурседа! — и шиъ, ваший, йиший санна, вовшашна маракхийтира:

— Берхитта шо даьлла-кх вай ганза!

 

* * *

Оццу «Кавказ» гостиницехь хIусам а лаьцна, ша паргIатваьлча, Увайса дийцира Нурседега шеца мел хилларг. Кхуьнан истори тера йара Терентьевичух. I943-чу шарахь, атакехь, вагош, чов а хилла, хIара, кхетамчохь а воцуш, йийсаре вигнера фашисташа. Словакехь фашистски лагерера ведира xIapa шина накъостаца. ХIорш леца тIаьхьабевллачара пхьаьрсах чов а йина, эрзан цхьана уьшалахь Iиллира хIара, шина-кхаа дийнахь, накъостех хаьдда. ТIаьххьара а тIеIоттабеллачу словацки «таллархоша», аьлча а, партизанийн разведчикаша дIа а вигна, вехха Iалашвира xIapa, куьг тадаллалц. Цул тIаьхьа, церан партизанийн отряде хIоьттира: динамитца лелхийтина тIеш, Iина йуххехь херцийна мостагIчун поездаш; тоьпан дIаьндаргаца эгийна обер- эпсарш; хехошна бага горгамаш а йуьхкуш, сатоссуш кIелхьарбаьхна байа кечбинарш; Москваца хьуьнахара латтийна радион зIе — дукха дара масех баттахь цара дина гIуллакхаш. Амма тIамехь майрачийн а гуттар ца хуьлу аьтто. Цхьана дийнахь мостагIчун герзийн складаш лелхийта богIуш, кхеран план айкхехула хиъначу фашисташа хIорш, кIело а йина, бохийра. Шина-кхаа йуьртах а ваьлла воьду хIара, немцойн дозорнийша, кхуьнгахь документаш цахиларна, шекбевлла, лаьцна, гестапога дIавелира. Цигахь кхуьнгара шайна пайдехьа дош дериг а ца хилла, xIapa ма-варра ца вевзаш, «Бухенвальд» концлагере хьажийра. Йуххерчу тIеман гIирсийн заводехь кхуьнга, кхечаьрца цхьаьна, куьйга хала болх бойтура. Меллаша йоьдура Iазапе хан… Цхьана дийнахь оцу заводана американски кеманаша, къаьхьа-къурс оьккхуьйтуш, бомбанаш йиттира. Фашистски гIaрол дIасаделира. Лецначех дуккха а адам цигахь хIаллакьхилира, амма бисинчех бохазнаш, хIара а тIехь, цу йуккъера а бевлла, бевдира. И дара тIом чекхболлучу муьрехь, I945-чу шеран апрелехь, нисса пхийтта шо хьалха! ХIетахь вайца союзни долчу англо-американски эскаро шайна тIекхаьчча хIара, кхуьнан дехарца, вайн эскарх схьакхетийра.