Светлый фон

— Хьо муьлхачу балхахь йу?

— Райкоман женотделехь, — охьахьаьжира Нурседа, ша заведующи йу ца ала. Вильянов кхийтира.

— Дика ду. Дешар муха ду хьан?

— ЦIа даьхкинчул тIаьхьа, дукха хан йоццуш, Москвахь ВПШ-хь, йалхбеттан курсашкахь дийшира.

— Сов дика ду. Делахь а, кхин дIа а деша деза ахь, Нурседа! Вуз чекхйаккха! Болх беш, заочно! Иштта тоьлур ду!

ЦIерпошт тохайелира. Массеран Iодика а йеш, вагонна тIе волуш, Вильяновс куьг хьалха Нурседега кховдийра. Дуьхьал йогIу важа пассажирски поезд дехьарчу платформе схьакхоччушехь, Вильянов тIехь верг дIайолайелира. Тамбур тIера Нурседега, лепачу йуьхьаца, лаккха айина куьг лестадора обкоман женотделерчу йевзачо…

КIайвеллачу Элдаровс элира шен накъосте:

— Эхь дац и… оццул дика чекхдолуш лаьтта цхьаьнакхетар цу питанчо, йукъа а иккхина, талхий-кх. Гирий хьуна, цуьнан йуьхь кхулуш? Дош дацара иза…

Усмановс, къайллаха тIевахана, куьг Iаьвдира Нурседин.

Цу сохьта, хьуьхь а йоьлла, йуьхьа тIехула хьацарца пудар охьа а оьхуш, мераIуьргаш а йусийна, схьакхечира тIаьхьайисина ТIаус, карахь хьарчийна цхьа кехаташ а долуш.

Массарна а йевза и, кхин цхьамма а тергал ца йина, оьгIазйаханчу йуьхьаца Эддаровна тIейахара:

— Ала ца мегара ахь, ва Муси?

— Суна сайна а ца хиира тIаьхьий бен, — башха лелина доцчу озаца жоп делира Элдаровс, шегара даьллачу гIалатна а, шена хIинцца иккхинчу йуьхьIаьржонна а бехкениг хIара лоруш: «Хьо лаьхьа ца хиллехь, ас тIеэцна а хила мегарий и-м», — элира цо дагахь.

— ТIаккха, тIаккха, Муси… хIун эли цо?

Элдаровна йуххерчо ца вешаш эккхийтира:

— Цо, дера, элира, культурин министр сов сиха дIа а ваккхий, цуьнан метта хьо хIоттае!

Гонахарнаш гIадбахана бийлабелира. Дуккханна а хезнера: луларчу республикашкахь а культурин министраш зударий бу, ша а кхузахь цу балха йахийта, бохуш, ТIаус хьийзар. Иза ша лаьттачохь а йитина, букъ берзийна, кхин ТIаусе вист ца хуьлуш, шен накъостаца дIавахара Элдаров: массарна а гучохь шен цуьнца гергарло дацарх нах кхетийта! Охьаихинчу хьацаро хьоькхнаш а хIиттийна, хIинца шен йуьхь эрчайаьллачу ТIауса, цунна тIаьхьа, гIам-гIим дора, шеца лаьттачу зудчуьнга:

— Iовдал! Боьха хIума! Суна ца хаьа моьтту-кх цунна, шен да мила хилла! Соьга ша мел дийцинарг а суна дицделла моьтту-кх цунна! Iовдал! Ас гойтур ду цунна и-м! — аьлла, вокзалан йуькъаллехь, коьллашлахь моьлкъа санна, тIепаза йайра ТIаус.

 

* * *