— Делахь а, и суьде вала хIинца хьан бакъо-м йара, цо xapц тешалла дарна! — элира Керима моллас хIун олу хьажа, цуьнан къамелах самукъадаьлла.
— Ас лур-м вацара и суьде, со бакъ а веш, цунна билггала хан тухург хилча а, — элира Бауддис. — Суна, мелхо а, и ша тавелла, ша мел лелийначух дохко а ваьлла, нийсачу новкъа ваьлчахь хазахо хетар дара-кх!.. Иза хIинца, адамийн суьдан кIелхьара а ваьлла… Делан суьдехь ву!.. — дог тешийна элира моллас. ХIинццалц молланех ваьшна а воцчу Кериман бIаьрг буьзира хIинца шена гинчу молла Бауддин хьекъалх а, ойланийн кIоргаллех а…
Вовшийн, маракхетта, Iодика а йеш, вовшахкъаьстира и шиъ цигахь…
Кестта — кхин доккха керла дийцар делира Эскинойхь…
Тойсуман кетIахь гала-гIожмех ловзучу шина кIанталгна гира кIайн «Волга», йан а йеъна, Тойсуман ринжехь дIахIуттуш. ТIера охьавоьссина, шляпа а тиллина, сира костюм йуьйхина волу жима къонаха хьаьккхина чувахара. Ринжех керта хьаьжначу шина кIанталгана, къилбехьа а вирзина, бердан йисттехь ламаз деш лаьттачу Тойсумна иза тIеххьашха тIевоьдуш а гира.
Делахь а, иза иштта эвхьаза чувахарх, Тойсуман цхьа гергарниг хир ву-кх аьлла, ши кIанталг, кхин дIа тидам ца беш, шаьшшиннан ловзарга йуха а дIахIоьттпра. XIapa шиъ, къовсавелла, гIовгIа айина воллучохь, дай-й цхьа тата а хезира кхарна, герзан татанах тера, йуха кестта и сира костюм йуьйхина волу стаг, меллаша ринжех ара а ваьлла, сих ца луш, шен машена а хиъна, дIа а вахара — гIалехьа боьдучу урамехьа. Ши кIанталг а, шаьшшиннан ловзар чекх а даьккхина, цIа вахара…
Iуьйранна хи эца Яьссин йисте бухабиссанчу зударшна гира циггахь, хин йистехь, тулгIеша а дашийна, Iуьллуш дакъа. Цара орца даьккхира. Схьагулбеллачу йуьртахошна девзира, багахула чопанаш а оьхуш, Iуьллу дакъа: иза Тойсум вара. «Цуьнан багах схьа къаьркъанан хьожа йеттало» а элира циггахь цхьаболчара.
Райцентре хаам бира. Цигара баьхкинчу талламхоша а, лоьраша а билгалдира: Тойсум, букъа тIехьахула, дагах а хьакхалуш, кхеттачу парабеллуман дIаьндарго вер а, веле хьалха иза дукха къаьркъа мелла хилар а. Талламбечарна, цу шина кIанта дийцинчул совнаха, кхин хIума ца хиира: йа машенан номер а, йа и сирачу костюмехь хилла жима стаг мича къомах, мила хилла а. ТIепаза вайра куьгбехкениг!..
ХIинца доллачул а халаниг дара — Тойсум дIаволла а, цуьнан тезет xIoттo а йуьртахь цуьнан гергарнаш цакарабар. Делахь а, Нохчийчохь дIаволлаза висина цхьа а велларг вац, мел гергарнаш боцуш и висарх. Лулахоша а, йуьрта къаноша а сацийра иза шайн ницкъаца дIаверзо. СагIийна жайнехь магош долу жима caгla даьккхира Тойсумна тIера: цуьнан кертара цхьа-а йолу газа йийна, дIасайийкъира шайна мискахеттачарна йуккъехь. Дакъа лийчийра, йеса дийшира. Амма хIинца и дIавуллу paгI тIекхаьчча, Эскинойра дукха йуьртахой дуьхьалбевлира: «Къаьркъа мелла велла а ву, мотт бетташ а хилла, йуьртана зуламе хилла а ву… кху йуьртан кешнашкахь вуллуьйтур вац», — аьлла. Оцу буса а латтийна и дакъа Iуьйранна дистинера… Грозный-гIала цхьамма-м хабар дахьийтина, цигара эххар схьакхечира Тойсуман вешин кIант лоруш волу Эмин. Керимна а, Тавсолтина а йукъагIерта ца лиира. Эминна эххар схьакарийра Эскинойн кешнашкахь, шайн дай дIабоьхкинчу маьIIехь, цхьа меттиг, амма цунна йуххехь дукха заманахьлера шира, чутаьIна, цхьа каш дара, и ца хьедича йуххе кхин каш доккхийла а йоцуш. Оцу ширачу коша верас а вели — цхьа, маззакъ а воьлла, къена стаг, ша и каш хьадан пурба а ца ло, цунна йуххе и «копар» воллийта ша реза а вац аьлла. Дакъа тIеттIа дистина догIура… Молла Бауддига схьакхайкхира: «ХIинца хIун де вай?» — аьлла.