Вукху дийнахь Эскиной боьдучу новкъахула хьалатаьIира, интернатана мел оьшу шифер а, мебель а, кхиболу гIиpc а, тIе, инженерийн бригада а эцна йоьду, киракхоьхьу кхо машен. Царна тIаьххье, церан ченех ларлуш, цхьа километр тIаьхьа а соьцуш, йогIура тхов боцу газик, тIехь Нурседий, Кериммий, Увайссий долуш. Стомара дуьйна вовшашца къамелаш дукха хиларна а, гIали йуккъехула лелла гIелбаларна а, вовшашка бист ца хуьлуш, татанза богIура уьш, xIop а шен-шен ойлано дIалаьцна.
Увайс ца Iебаш хьоьжура ганза ткъех гергга шо долчу аренашка. Мосазза дог диллинера цо: окопашкахь тIе бомбанаш оьгучу муьрехь; букъах тоьпан бух а бетташ, фашисташа шаьш Бухенвальдехь дахкош а… тIаьхьа сенчу Сибирехь а… Мосазза дог диллийтира, кхин гур бац-кх даймохк, маршо, гергарнаш аьлла!
Ткъа хIинца уггар гергарчарна йуккъе а хиъна, кIедачу машенахь цкъа а гур йац моьттинчу винчу аренашкахула вогIура. Гонахарчу Iаламе цаIабарца ша дIасахьоьжуш. «Вайн дахарехь, мел даккхий вуонаш гахь а, диканах догдилла мегар дац цкъа а», — ойла хилира цуьнан. Малхехь къегаш, дуьхьал уьдучу асфальтан асанца йухауьду сийна бошмаш, кIайн шиферш тоьхна керла цIенош, меллаша тIехтуьлу генарчу лаьмнийн раьгIнаш — массо а хIума тамаше, Увайсан бIаьрг цецбоккхуш дара.
Гергарчу аьрцнийн басешкара олхазарийн гlap а, хинан гIовгIанца иэелла, схьайеттара. ХIинцца зазадаьккхинчу зезагийн а, хьаннийн а хьожанаша, маццах цкъа санна, йуха a бaxийpa Увайсан корта.
Лаьмнех чудулуш, вовшашна тIаьхьа кхиъна киралелон машенаш, Эскинойхьа боьдучу новкъа йевлира, газик хьалха а йолуьйтуш… Тоххара ша Селитица къаьсттинчу боьранах генара бIаьрг кхетча Увайс, дог кийрахь кхоссалуш, тохавелира ша Iаччохь: цигахь хIетахь сеццинчуьра шен жималла йуха хIинца дIайолалуш санна, хийтира цунна.
Эскинойн аренех чувоьлчхьана мел гучу дитто, тархо, бердо хIинца дуьйна ма-ярра Селита дагайоуьйтора, хIораммо а цуьнан цхьацца битам карлабоккхуш. ТIаьххьара а Селитин амат дерриг а кхуьнан даг чохь дендира гондIарачу Iаламо.
Амма и дара хIетахьлера амат! «ХIинца муха йу-те и? Муьлхачу aгIop хийцаелла-те и? Гур йу-кх суна и хIинща!» — халла садеттара Увайса.
Кхеран машенаш Яьсси-хи тIе кхаьчча, райцентре чу ца хьевзаш, тIех а йевлла, Эскинойхьа чуйирзира. Увайсана йевзира маццах Iай, школина цкъа дечиг дохьуш, шайн трактор йоьхна меттиг. ХIинцца кхузахула тиллина доккха тIай дара. ХIорш, цунах а бевлла, йуьрта чу буьйлира жагIа боьхкинчу шуьйрачу новкъахула. Электросерлон телаш кхоьхьу бIогIамаш кхарна сихха тIехлелхара.
Машенаш йоггIушехь школин керта йаьхкира.