* * *
ХIинцца йолайеллачу урокера Селита, корехула цкъа ара а хьаьжна, йуха а дIайирзира, урок чекхйаллалц, гIалитIера йухабаьхкина, шена цига, хIунда бахана хуу Кериммий, Нурседий, цу шимма балийна инженераш а байна. Наха го а бина лаьтта Увайс а, царех цхьаъ ву а моьттина, кхин тидам ца беш, витира цо. Керим шен газика тIехь, царех цхьа инженер а эцна, райцентре вахара, цхьана гIуллакхана. Нурседа сихха школа чу йахара, урок чекхйоллуш Увайсе дIакхайкха дагахь.
Увайс кертахула дIасахьоьжура. Школин кертарчу хийцамаша бIаьрг тIеуьйзура Увайсан: керла корпус а товш хетара; йоьттина йаьлла мехкарийн интернат а шифер тIейилличахьана йолура. Урок чекхйолу хан хиллалц, иза школин кертахула волавелира. Ша вевзина, шега хьоьжуш санна хетара, тIамарш а йаржийна лаьтта «Дада-бIар». «Хьо мила ву?» — хоьттура къоначу дитташа! ХIоккхузахь схьалецира цо Селитин коьртара мохо дадийна йовлакх… Эццигахь бихкира Селитас кхуьнан пIелг… Кху кертахь хезира дуьххьара цу тIеман буьрса хаамаш! Кхузахь кхиънера кхеран дог-ойла a. XIapa беш а йара кхеран синойн беш! Кхузара дIаболабелира кхеран доккхачу дуьнене боьду некъ. ХIинца, вахаран муттах Iаьбба, шен дахаран цхьа боккха го чекхбаьккхина, йуха а кху керта схьакхечи…
Амма дог хIинца а ца тешара Селита хIоккхузахь, йуххехь хиларх а, баккъала гур йу бохучух а. Нурседас Увайсе чукхайкха дешархо ваийтира. Увайс детталучу дагца чоьхьаволавелира: «Баккъал гур йу-те и хIинца? Муха карор йу-те и?.. Со а… хIинца муха хетар-те цунна?»
Кхарна вовшийн дуьххьара гар нахана йуккъехь ца хилийта а, Селитина и вевзийла хьажа а, Нурседас Селитин кабинета чу кхайкхийтира Увайсе, шаьшшиъ цу чохь а йолуш.
— ХIинца вайга дукха хенахь дуьйна ганза цхьа хьаша вогIу-кх, Селита! — элира Нурседас.
Селитин дог тохаделира.
НеI а тоьхна, чоьхьавелира Увайс.
Селитин шуьйра диллина бIаьргаш цеце тIедогIаделира цунна. Селита цкъа йухахилира, шен бIаьргех ца тешаш, тIаккха цIеххьана дог кIадделла, ша йолччохь диван тIе охьайахара иза:
— Увайс… — боху цхьа дош а олуш.
Чехкка неIаран зайл дIа а боьллина, Нурседас хица дашийна гата Селитин логах а, бIаьштигех a, 6Iaьpгex а хьаькхира. Ша диначунна дохкойаьлла: «Iовдал со йаI!», — эккхийтира Нурседас.
Воьхна хьаьвзира Увайс:
— Селита! Селита!.. — кхойкхура цо.
Доккха са а даьккхина, сихха меттайеара Селита.
— Сан Селита!
— Марша вогIийла, Увайс! — диттийн IиндагIехь лепа шовда санна, гIийлла самукъане йелакъежара Селита. И шиъ мараиккхира Нурседа а йолччохь. Амма оцу мараэккхарца хIун дара, йиш-вошаллин гергарло, йа берахьлерачу безаман цIеналла?.. Йа деххачу шерашкахь вовшашка тийсинчу синойн хьагар?.. — ца къасталора Нурседига.